Касумов Сайдмохьмад

 

Ден,

Ненан

тешаш

 

Стихаш

 

 

Нохчийн Республика

 

 

 

Касумов Сайдмохьмад

 

 

Замано мехашна дуьхьала хьош,

Да волчу к1антана –м ца эшна дош.

Ша цхьалха висахь цкъа йочано хьош

Лоьхур ду к1анта-м, дас мел аьлла дош.

 

Авторах

Кху гуларна т1ехь уггаре мехала а, дика яздина дерг дех, ненах, лаьцна язйина стихаш ю. Дега, нене, ненан матте болу безам дагчохь, ц1ийх-т1амарх боьлла хила беза муьлххачу къомах волчу стеган а. Делахь а, хазчу, шатайпанчу аьхначу дашца и безаш бийцар а дац к1еззиг хьуьнар. Касумовс шен ден а, ненан а безамна язйина стихаш суна кхиам хета. Царех дукхахъерш фольклоран мукъамехь язйина а йолуш, еша атта, амма ч1ог1а дагах кхеташ, дешархочун синойланаш хьаеш хир ю аьлла хета суна. Вайна массарна а гергара долчу адамех (дай-нанойх) аьлла дош цкьа охьахиъна а, атта а аьлла хир дац поэта. (Цу стихийн ц1ераш ю: «Да кхелхаш», «Нанна сахьийзар», «Нене», «Ден, ненан тешаш», «Къосуман Шахмирзин илли...» иштта д1.кх.).

Хаза дешнаш аьлла поэта г1иллакхах, оьздангаллех лаьцна.

Дерзош,шен «теманийн кочар шорделлачу» поэте Касумов Сайдмохьмаде ала лаьа:

Аьхна хуьлда, Сайдмохьмад, хьан поэзин болар т1ейог1учу заманахь а!

Гайтукаева. А.

 

Сайдмохьмад кхуьуш дуьйна хьиина, ц1ена кхиъна бер ду. Суна къаьстина дукха везаш ву иза. Хийлаза со тхайн да ваьхна керта йог1уш сан дог эцна ваша ву иза. Атта дац ден кхерч ларбан, шен ден ц1е лело а. Со даимна а тешара Сайдмохьмадан дикаллех. Сайна готтара а ч1ог1а хала хилча иза сайна улохь хилча сапарг1ат хуьлура со.

 

 

12.2003

 

Йиша

Хьалимат (Умхаджиева)

 

Сайдмохьмад ясле а вигий, соьга ц1ахь дан деза г1улакхаш де олий балха йоьдура тхан нана Кхокха. Иза ясле а вигна, со ц1а кхачале, водий т1аьххье, суна ц1а кхочура Сайдмохьмад.

«Со ма вигахь ясле, вайн урамехь ловзуш 1адда витахь со!», – олура Сайдмохьмада.

Сайдмохьмад оха, рог1рог1ехь туьйранаш а дуьйцуш, юккъе а вижавой, хенаш хьора. Оха шена дийцина туьйра, шега юха дийцийта бохуш, хуьлура и.

Тхан дас ша Къур1ан доьшуш г1овг1а ца хилийта тхо ша волчуьра ара дохура. Сайдмохьмад, маьнги т1ехь вахлой д1а а вуьжий, ч1енгин к1ел ши куьг а дуьллий, цуьнга ла доьг1уш 1ара. Иза чохь сецча, дас х1умма а ца олура.

 

01.2004

 

Йиша

Хьулимат (Бачарова)

 

 

Бералла             Мукъам Даудов Рамзанан

(илли)

Нанна т1ехьа юьжуш 1ийна,

Цуьнан мара хьерчаш кхиъна,

Текхна меллаш уьйт1а яхна,

Кога х1уттуш кет1а яьлла,

Бералла, ма гена ели хьо,

Бералла, ма хьоме яра хьо!

 

Урам новкъа ловза юьйлуш,

Яраш текхош, ченаш уьйбуш,

Т1улгаш нийса кхисса хьоьжуш,

Набарца хьайн ловзар къуьйсуш,

Бералла, ма гена ели хьо,

Бералла, ма ирсе яра хьо!

 

Дена нанна юьккъе хуьйшуш,

Цаьрца цхьаьна ирсе вуьйлуш,

Т1аккха вашас туьйра дуьйцуш,

Йишас айбе метта вуьллуш.

Бералла, ма аьхна яра хьо,

Бералла, эсера ялац хьо.

 

Когаш 1уьйра байт1ехь ловзуш,

Ц1алга лелхаш, б1аь11аш оьхуш,

Б1аргаш буьзна хиш ц1а кхоьхьуш,

Ненан карахь г1енаш лоьцуш,

Бералла, ма къиза хьийзи хьо,

Х1етте а сан хьуна сагатло!

 

З1аран кертан т1ехьа лоьч1къуш,

Хункурпаша вог1ий хьоьжуш.

Ц1аьххьана и цец а вохуш,

Цунна мара лелха къуьйсуш.

Бералла, ма гена яьлла хьо,

Бералла, сан х1инца сагатло!

 

Йодий, Теркан-хин чу лоьлхуш,

Уьдуш, хьалха тулг1е санна,

Дас дов дича нанна йоьлхуш,

Дегабаам бича санна,

Бералла, ма гена яьлла хьо,

Бералла, со байлахь хетало!

 

 

1аьржа б1аргаш, 1аьржа месаш,

Суна лехна, сох д1алечкъаш.

Бералла, ма гена яьлла хьо,

Бералла, сан х1инца сагатло!

 

  

Да кхелхаш…

 

Сан цхьайтта шо долуш гина,

Сурт ду сан б1аьргаш чохь дисна.

Цо гойту аьхкенан дийнахь

Сан ваша, со деца висар.

 

Т1аьххьара дуьнене хьаьжна,

Кхин ца ган чувеъча санна,

Хаьттира дас соьга нана,

Ган лиъна шен х1усамнана.

 

Голашкахь ницкъ эшча санна,

Да гина шекваьллачу Вашас,

Схьалаьцна и хаош охьа,

Элира соь: «Г1айба лохьа!..»

 

Вашас да шен марахь сецош,

Ден мачаш ас охьаяьхна,

Баьрччехь и къилбехьа верзош,

Да меттахь нисвира аьхна.

 

Т1аьххьара соьга схьахьаьжна,

Та11ош сан коьртах куьг хьаькхна,

Меллаша дас ши б1арг хьаббеш,

Малдира дег1 меттахь, даздеш…

 

Да декъал хилира т1аккха,

П1ераскан буьйсанан марахь,

Стиглахь ча такхийна тача,

Гуш со а висира байлахь.

 

Сан цхьайтта шо долуш гина,

Сурт ду сан б1аьргашчохь дисна,

Ден кашт1ехь со лаьтташ тийна

Т1унло и сан б1аьргийн хишца.

                                                                 

         07.01.2004

                         

 

Стигал х1унда лелхаш хета,

         Нана йоккху те цо шеха.

         Бохуш карзах дуьйлуш хилча-

         Дог ас муха кхето деза?

         Нанас синна са а делла,

         Маттана урх шуьйра елла,

         Къаста дезар шена хиъча-

         Ас са муха тедан деза?

         Ден букъера, ненан кийрахь,

         Кхуьуш, ийна ненан сица,

         Къаьсташ суна елха тийжахь-

         Ойла муха теян еза?

         Куьг а лаьцна воккхуш кет1а,

         Шена санна б1аьра хьежа,

         Махкана со ваца велча-

         Ненан моццал сий  дан деза?

Сица доцу дахар гина,

         Ненан мотт ас биц бийр бац сайн.

         Дуьне вайна совг1ат дина-

         Наной-м биц бан бакъо яц вайн.                      

 

                                     

10.01.2004

 

Нанна сахьийзар

 

         Ваьл-ваьллачохь-ненан лараш,

         Дуьхьал х1уьтту цуьнан сарташ.

         Сец-сецначохь-ненан хьастарш,

         Хазчу меттан, аьхна аларш.

 

         Х1оьт-х1оьттинчохь-ненан хаттар,

         Диснарг юккъе доьлла къастар.

         Хиъ-хиъначохь-ненах хьегар,

         Ваьл-ваьллачохь-нана иэшар.

 

         Вах-вахначохь ц1а са хьийзар,

         Ц1а веъча чохь синан тийжар.

         Хьаьж-хьаьжначохь-нана яцар,

         Ваьл-ваьллачохь-ненан ялар.

 

         Сан набаран г1енийн уьйт1а

         Йог1у нана, дохьуш туьйра.

         Довха, аьхна, ховха, куьйгаш,

         Коьртах хьоькху самах санна.

 

         Дийнахь самах, б1аьргаш чуьра,

         Дуьйлуш 1ена, б1аьрхиш дуьра.

         Сих ца къаьста кийрахь дуьйна,

         Марзо хилла ненан уьйра.

 

         Къастаран къахь дагчохь къуьйлуш,

         Сахьийзаран б1аьрхиш дуьйлу.

         Ойла йоьлху карзах юьйлуш,

         Назма йоьлху нанна туьйжуш.

                                     

04.02.04

 

Нене

 (Назма)

 

Ахь кхоьллинарг бен вацарий со-м,

Ахь вакхийнарг бен вацарий со-м,

Ахь техкийнарг бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

 

Ахь догделларг бен вацарий со-м,

Ахь саделларг бен вацарий со-м,

Хьуна велххал бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

 

Хьо сайна еззал вацарий со-м,

Хьо Деле еххал бен вацарий со-м,

Хьо елча, валлал бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

 

Хьоьга къа деххал бен вацарий со-м,

Къина ирс деххал бен вацарий со-м,

Хьоьца ирс деккъал бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

 

Ахь синна саделларг бен вацарий со-м,

Хьан б1аьра хьежжал бен вацарий со-м,

Хьан оьмар яхъян к1ант вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

 

Ахь декъал винарг бен вацарий со-м,

Ахь синна урх елларг бен вацарий со-м,

Хьоьга кхайккхал бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

 

1уьйренан ирс къаьсти-кха сох,

Суьйренан ирс къаьсти-кха сох,

Г1айг1а, буьйса хьаьрчи-кха сох,

Хьо денъян ницкъ ца хили соьхь.

 

17.01.2004

 

К1анта (Сайдбека) денанна са хьийзош

 

Бабичохь яц баба

 

Бабина т1е к1айн коч юхуш,

Месаш тхо шарйина девлча.

Хьо шена цо мара вуллуш,

Хьостур ву жимма сатоьхча.

Х1инца –м и лийчош ю аьлла,

Беана цхьа аннийн маьнга.,

Со 1еха винарг и хьаьнга,

Яхна те леч1къина яьлла?

 

Бабичохь –м ю х1инца шийла,

Бабийчоь –м ю х1инца тийна.

Б1аьргаш шен т1унделла хишца

Бабийчохь сан да ву х1инца.

 

«Ас ехнарг луръяра цунна –

Сан баба гайтиначунна».

Соска а луръяра иэшахь

Вигча со и йолчу беша.

 

Сан баба гинарг вац цхьа а,

Бакъдерг а ца дуьйцу наха.

Вашига эрду ас кхана,

Бабичохь яц хьуна баба.

Йо11ий, наний

 

1ожалла шел тола йоьлча,

Шеха хуьлург хьулди йо1а,

Амма нене безам тоьлча,

Доьхуш, Деле цо ди до1а.

 

«Нана елла, ирча, къаьхьа

Де ма гайта олуш, шена,

Ирсе яха цулла т1аьхьа,

Йо1 ца йина бохуш дена»

 

Нанна хьийзаш саб1арзделла,

Йо1 ю меттахь худаелла.

«Ма алалаш, нана елла», –

Олуш, йоь1ан нана -м елла.

 

Сино лоьхуш са кхоьллинарг,

Йоь1ан дог ду тийжа диснарг.

Сино кхойкхуш ша кхоьллинарг,

Ненан каш чу йо1 ю йижнарг.

 

Ненавашас йишин к1анте

Олу, шаьшшиъ лаьтташ каш т1ехь:

«Кху чохь 1уьллу йо1 а, нана,

Кху чохь 1уьллург ю ши нана».

 

28.03.2005

 

Ден безам

 

Дас безам шен Махке белла…

Геннара идош ц1а кхехьна.

Махкана со ваца велла,

Шена ирс эхартахь лехна.

 

Со тахна, ден весет лардеш,

Даймехкан кхерчахь сайн веха.

Цуьнга сан безам а ч1аг1беш,

Соьца ден ойланаш еха.

 

Бераллехь сайн ненан карахь,

Набарна лецначу г1енех…

Цхьа аьхна 1аламан марахь

Воккхавоь Даймехкан б1аьвнех.

 

Геналло хьагийна вог1уш

Б1аьрг тоьхча гу лекхчу волий

Даймахко шен мара къовлуш,

Дас санна, со хьосту хьоме.

 

Ден весет

 

Не1алтан гу т1е хьо ма валалахь,

Сий доьжнехь, и лоьхуш ма вахалахь.

Диканца дайша йоьттина г1ала,

Варий, ахь зуламах ма йохкалахь.

 

Сардаман 1инчу а ма вожалахь,

Мостаг1чун дикаллех ма тешалахь,

Махкана г1аттахь хьо цхьа дика дан,

Амална аьрха дин ма божалахь.

 

Тешамах ца тешам ма хийцалахь,

Г1ийлачу стагах а ма велалахь.

Цу хьаг1ах хьайн дега доттаг1а вай

Ахь нехан ирсаца ма къийсалахь.

 

Зама яц хьесапе, яьккхинарг къуьйсуш,

Баркалла а доцуш цкъа ваьхна ван.

Халонаш хир ю хьан новкъа хуьйшуш,

Амма къар ма лолахь диканиг дан.

 

Даймахкахь, х1усамехь

                    ларбелахь барт,

Ирс баьрчче даккхалахь,

                   ца лоьхуш дов.

Ненан мотт, г1иллакхаш,

                   вайн къоман хат1

Ахь лардахь, хир ю и

                   хьан сийлахь б1ов.

                            Вайна лор сан

 

Къилбаседа –

Малхбалехьа

Хьежо лиъна

Б1аьран са,

Хьегам боцуш

Бате хьежа

Дас кор дуьтуш,

Доьг1на ц1а.

 

Б1аьрго лацац

Корах ара

Стигал нана –

Беттаса,

Кхин т1е базло

Г1айг1а -бала,

Ца гуш висча

Седа цхьа.

 

Хьалха санна,

Лаьтта кор сан,

Амма ца го

Беттаса.

Синлазамийн

Вайна лор сан –

Кора дуьхьал

Доьг1на ц1а.

                  

Ден,

       ненан

                  тешаш

 

         Биъ пен бу вовшашка хьоьжуш,

         Тийналла йоьллина юккъе,

         Со ву цу тийналлехь соьцуш,

         Сингаттам т1е хилла юххе.

 

         Кху чохь цкъа хьалха ирс даьхна,

         Нанас со берахь вакхийна,

         Цу ирсо, хьоьстуш, со ваьхна,

         Ден, ненан бартаца ийна.

 

         Беа а к1ажахь ирс лиэпаш,

         Селхана дийлина пенаш…

         Тахана г1айг1ане дисна,

         Шайха д1а сингаттам ийна.

 

         Юх-юха тийналла лоьцуш,

         Пенашна юккъехь со соьцу,

         Ткъа цара сан лерса лоьцуш,

         Ден,ненан хьехамаш оьхьу.

 

         Дайначу ирсан к1айн пенаш,

         Веха со шу безам хеташ.

         Шу ду сан ден, ненан тешаш,

         Шу ду сан теш хила дезарш.

 

11.08.2003

 

К1анте

 

Ма к1езга ас х1иттийна

Сайн дена г1ант,

Ас к1езга ч1аьг1на

Дена т1аьхьара г1ап.

Мел жима вара со-

Сайн дех ца кхеттал,

Мел воккха хилла со-

Сайн дех къахеттал.

 

Хьуо жима велахь а

Ешалахь, к1ант,

Шен «К1анте» язйина

Илланчин байт.

 

Замано мехашна дуьхьала хьош,

Да волчу к1антана –м ца эшна дош.

Ша цхьалха висахь цкъа йочано хьош

Лоьхур ду к1анта-м, дас мел аьлла дош.

 

06.01.2004

 

 

Мукъам Ахмадован Сейдин

Къосуман

Шихмирзин

 илли

 

Сих ма ло, к1ант, говраш лахка,

Парг1ат яха йитахь пайтон.

Кху юьртахь цкъа мацах хьалха

Езна йо1 ю, -хьоьху даго.

Гур ярий те и цкъа суна,

Вевзар варий те со цунна?

 

Юхаозае, к1ант, архаш,

Г1омат нисъеш, яйахьа хан,

Хаац х1унда дицлац б1аьргаш –

Къоначу шерийн ирсан г1ан.

Гур ярий те и цкъа суна,

Вевзар варий те со цунна?

 

Х1етахь эла со ма вара,

И сан деган эла яра,

Хено гена баккхарх безам,

Сих д1акъастац дагалецам.

Гур ярий те и цкъа суна,

Вевзар варий те со цунна?

 

Кхузахь расха дин а сецош,

Батто бергийн ленаш лиэпош,

Суна езнарг йоьхуш ара,

Сан дин –накъост терсаш 1ара.

Гур ярий те и цкъа суна,

Вевзар варий те со цунна?

 

 

Хир ю х1инца и къежелла,

Со а х1инца къан ма велла.

Ца гуш валахь рег1ал дехьа,

Сан са дуьсур ду кху сехьа.

Гур ярий те и цкъа суна,

Вевзар варий те со цунна?

 

 

Сацаехьа, к1ант, ахь говраш,

Малделлий те аьрхийн къовларш?

 

*  *  *

 

Йоцуш нана

Биънарг кхача,

Ца хуьлу и,

Йолуш санна,

Токхе хилла

Синна кхача.

 

                                      *  *  *

 

         Цхьа дика да - нана дара сан,

         Сан г1айг1анех ирсан г1овлаеш,

         Ойланех седарчий кочардеш,

         Буьйсанех туьйранийн совг1атдеш,

         Цхьа дика да-нана дара сан.

 

         Цхьа дика йиш-ваша ду-кха сан,

         Цхьа вон ваша ву-кха со церан.

         Со буьйсанийн ву бохуш хьаша,

         Со ойланийн ву бохуш ваша,

         Сан г1айг1анах ирс тигац даша,

         Цхьа дика йиш-ваша дукха сан,

         Цхьа вон ваша ву-кха со церан.

         Велар со аллал нехан,

         Ма велар аллал Мехкан.

         Велар со нах боцчу нехан,

         Велар со къам доцчу Мехкан,

         Цхьа дика йиш-ваша дукха сан,

         Цхьа вон ваша ву-кха со церан.

 

                                                                          

22.01.2004

 

                            *  *  *

         Ма некъаш дара ас

         Нана йолчу динарш…

         Ма некъаш дац-кха ас

         Нана йоцчу дийраш.

 

                            *  *  *

         Нанас, дов деш, тоьхна т1ара

         Соьца диси –дато хилла.

         Тоханза цо дисна т1ара

Ду со хьоьгург –дашо хилла.

 

 

Ненан коч

 

Пенаца кхозуш ю сан ненан коч,

Шамара* дахначохь ду ши а пхьош.

Цо иза лелийна дахаран хьерахь,

Доьзална ирсана ецачу хенахь.

 

Хьоме ю тахана сайн ненан коч,

Бисинарг –синтемна беккъа цхьа безам,

Белшаш т1ехь и мацах айбина хьош,

Б1арзделла дилхинчу сан синан лехам.

 

Х1инца сан ирс ду-кха сайн ненан коч,

Карийнарг сайн ненан цу т1орказ чохь.

И дешил а дашо ю со вехачохь,

Кхин бахам хирбоцуш син кхерчачохь.

 

Шамара*ч1ич1къаша, хебаршка.

 

 

Шозза хьоме хуьлу нана

 

 

К1анта-м хоьтту шен денана,

Цо, ша хьестар, диц а ца луш.

И-м чуяло сайн кет1ара,

Дийна яц-кха т1екхачалуш…

Иза -м воьлху,

Иза -м ч1е1а,

Цунна-м оьшу шен денана.

Кийрахь доьлхуш,

Пехах те1аш,

Сайниг дог ду езаш нана.

К1анта олуш хезча «баба»,

Шозза хьоме хуьлу нана.

 

 

                                      *  *  *

 

                            Са - чолакх х1инца,

                            Са - сакхат х1инца.

                            Со ву лазийна

                            Заь1апхо х1инца.

 

                            Чов ерззалц х1инца,

                            Сан б1аьргийн хишца,

                            Иэделла ц1ийца,

                            Тезет ду сица.

 

                            Чов ерзац х1инца.

                            Тезет ду сица,

                            Синк1оргехь дисна,

                            Син лазам хилла.

 

 

  *  *  *

 

Со ден весет лардеш

Сайн юьрта вог1у,

Юьртахойх ца вала

Пхьоьхане волу…

Адмалло барт ларбеш

Дог ирсе доху,

Т1аккха ас даймахках

Сайн илли олу.

 

 

Дена улле

 

 

Нанна юххехь,

Дена улле

Велча кашчу

Вилла со.

Денчух терра,

Цуьнчух кхеттий

Дуог1а суна

Чурт а хьуо.

 

Хьанна хаьа

К1ентий кхиъча,

Да, я ден да

Лоьхур вуй?

Амма хаьа

Къонах кхиахь,

Варх1е ден ц1е

Оьшур юй.

 

 

Диц ца ло дас

Та11ош хьаькхнарг,

Коьртах  шога

Довха куьг.

Т1аьххьар уьйт1ахь

Цо б1арг тоьхнарг,

Яра нанас

Йина куьрк.

 

Цхьайтта шарчохь

Эс ца хилларг,

Х1инца кхетам

Кхиъна сохь.

Нанна юххехь,

Дена улле

Велча кашчу

Вилла со.

 

 

Шерийн ширалла

(илли)

 

Едда мацах кет1ара

Гена яьлла бералла,

Хьалха санна, барзакъца,

Карахь гатан к1архашца,

Йог1ий, хутту уьйта сан.

Ю и шерийн ширалла,

Къоьжа месийн сиралла,

Сан ойланийн къизалла.

 

Соьга хьажча, кхолалой,

Б1аьргийн нег1арш кхохкадой,

Соьха къа а хеталой,   

Ойланаш сан къахкайой…

Вог1ий к1анта-м хутту д1а.

Ю и шерийн ширалла,

Къоьжа месийн сиралла,

Сан ойланийн къизалла.

 

Сан бералла шегахь гой,

Сан къаналла шен бехк бой,

Бехке хеташ, декхар г1ой,

Улле хьийзаш к1ант а гой,

И сан шерийн ширалла,

Къоьжа месийн сиралла,

Еца мехкан ирсана.

01.12.2004

Илли д1ааьлларг Бисултанов Тимур

*  *  *

 

Жималло шех хьега х1инца со ма витна,

Сан догчохь д1алаьцна цо меттиг шуьйра.

Дуккха а цо шеха дийца ма дитна,

Ма гена даьлла и –г1ан хаза туьйра.

 

Нанна т1аьхьа хьоьжуш соьца са гатдина,

Бераллин урамаш, лулахойн ков керташ.

З1аран кертан т1ехьа леч1къаш йиснарг хьалха

Карла юьйлуш йоьлху

Жималла шен ханна.

 

Со шерашца воккха хилла кегий дисна,

Нана п1елгехь доьхна,

Гатан к1архаш гина…

Байт1ехь ловзуш шершаш

Голаш яьшнарш берахь

Безаме ду тахна

К1архаш хьалха лера.

 

Гена гена яьлла сан жималлин хенаш,

Хьехамчийн хьекъалаш,

Юьртара баккхий нах.

Хин дерг хууш шеха деттало синпхенаш

1одика йойла хьан со хьистина малх.

 

Мукъам Ясаев Мохьмадан

Синдоттаг1ашка

      (весетан метта)

 

Даймахкахь дахаре

Б1аьрг тоьхча сайн,

Адамийн барт эг1ар

Деза ца лой…

Харцонан зуламо

Хорам а бой,

1ийжаме дуьйлура

Дог, г1ел а лой.

 

Къоналлин амална

Ницкъ хилча сайн,

Волий д1о Терка-хин

Бердашка г1ой,

Сайн синан кхолламах

Х1оллам а бой,

Ойла д1ахоьцура,

Маршо а лой.

 

Сан ойла, аьрзунах

Г1оттуш д1аг1ой,

Дерриге Дуьненахь

Кхерста а лой,

Йоьхначу замано

Тешам ца лой,

Дахаре йоьрзу,

Со г1айг1ане вой.

 

Кхолламо юха а

Са б1аьрзе дой,

Суо хилар хууш

Цу 1ожаллин лай,

Валаран ойла еш

Тоба а дой,

Хьоьжу сайн оьмаран

Чаккхе а гой.

 

Дахаран вайн некъех

Уьйриг а бой,

Кхачадо, доттаг1ий,

Дуьненан той,

Д1о Терка-хин берде

Суьйренца г1ой,

Со дагалацалаш

Де билгалдай.

 

Терка т1ехь нур даржош

Беттаса гой,

Гуш доцчу ирсах цо

Дог тешадой,

Ойланийн аьхналлехь

Со веха сайн,

1аламо деллачух

Вала ца лой.

 

Ша цхьаллин тийналлехь

Син доттаг1 гой,

Маршалла д1алолаш,

Сан весет дай.

 

Мукъам Даудов Рамзанан

Д1а аьлларг Дудаев Зеламха

Доттаг1чуьнга

 

Сан синан кхолламах

Д1акъастош са,

Ша генахь ма вара

Синдоттаг1а.

Ткъа цуьнан сибатехь

И беттаса

Ма башха лепара,

Деш санна ха.

 

Тийналлехь мохь тоьхна,

Ц1е йоккхуш сан,

И гучувелира,

Цецвоккхуш со.

«Диканна хила ду,

Тида хьайн г1ан» -

Хазош самваьккхира

Со доттаг1чо.

 

Т1аьхь.алар:

Алахьа соьга ахь,

Синдоттаг1а,

Сан зама чекхйолуш

И беттаса,

Со шега къаьрззина

Хьаьжначохь д1а,

Ша къайладер ду-те,

Д1адаьхьна са?

 

 

Худ. автор

Сайн юьртахошна

Ши са

 

Сан ши са хир ду, со лечу хенахь,

Цхьаъ - дала лууш, 1ожална оьхьуш,

Ткъа важа - доьлхуш, даларна кхоьруш.

Сан ши са хир ду, со лечу хенахь,

Цхьаъ аса д1алур ду вайн Теркайистехь -

Даймехкан сий лардеш,

Халкъана даьцнарг.

Шолг1аниг соьцур ду вехачу х1усмехь,

Безачийн сих ийна,

Сан юьртахь даьхнарг.

Цхьаъ парг1атдер ду са,

Х1аваэ долуш,

Назманан мукъамехь самалхадаьлла.

Шолг1ачо ницкъ бийр бу,

Ша юьртах долуш,

1одика ца ялуш, мукъам шен хаьлла.

 

*  *  *

 

Нагахь велча…

Стиглан къайлехь

Юьрта са ц1а хьовзахь сан,

Сица дустий

Марзо хилларг,

Тергал делаш ц1а а са.

 

 

Хала хир ду…

 

(Шабазов Хьазартан сийнна)

 

Хала хир ду вешина а,

Ваша велча,

И д1а ойбуш, цуьнан барма

Лаца дезча.

Хала хир ду дов а лан, и

Дага тесча,

Цхьалха висна –лерехь вешин

Аз ца хезча.

Хала хир ду, билггал вешин

Валарх тешча,

Сица сийлахь болу ницкъ шен

К1езга хетча.

Т1аьхьа хир ду, марзо яйна

Ойла ешча,

Дохковийларх –ваша вацахь

Уллохь, эшча.

Вехар-м ву и бохуш шега,

«Эхарт хир ду лехча-м шена»,

Ткъа и дезар, ду къа хьегар –

Дийна волуш ваша везар.

 

  

Мукъам Межидов Сахьабан

Кавказ мел ю

 

Водий мичкан хичохь луьйчуш,

Т1аккха ба1рийн шовда муьйлуш,

1арлойн рег1ан дукът1е вуьйлуш,

Уллохь лаьмнаш ган са туьйсуш.

Кхиънарг вай со –м Даймохк болуш,

Цунах ала илли долуш.

 

Хоси –юртахь белхех соьцуш,

Беттасинан серло лоьцуш,

Ойланаш сан ирсах тоьгуш,

Безамо шен илли доьхуш.

Кхиънарг вай со –м Даймохк болуш,

Цунах ала илли долуш.

 

Шелахь, Шуьйтахь, Атаг1ахь а,

Хьалха, Т1ехьа Мартант1ехь а,

Толлуш нохчийн г1иллакх зийна

Цуьнан хазна йалхо лиъна

Кхиънарг вай со –м Даймохк болуш,

Цунах ала илли долуш.

 

Кавказ мел ю лаьмнаш толлуш

Х1ора ломан къайле охкуш

Дуьне даккхал г1иллакх долуш

Нохчо хилар шеко йоцуш

Къиънарг вай со –м Даймохк болуш,

Цунах ала илли долуш.

 

 

Рег1ан дукъал сехьа волуш,

Цигахь виссал ойла йолуш.

Теркан аре ган ц1а вог1уш,

Махках ала илли дохьуш…

Къиънарг вай со –м Даймохк болуш.

Цунах ала илли долуш.

 

 

Дуьне, эхарт дуй а хууш,

Харцо, бакъо къасто лууш

Къайлено сан ойла юуш

Къоьжа лаьмнех месаш сирлуш.

Къиънарг вай со –м Даймохк болуш.

Цунах ала илли долуш.         

 

         Хууш хилла

 

Соьга хаттахь –

Нохчо вуй,

Я схьавалар

Нашхар дуй,

Ненан мотт

Хьо хууш вуй,

Варх1е ден ц1е

Евзаш вуй?

Хууш хилла…

Жоьпе вуй,

Къожа лаьмнаш –

Холхаз куй,

Г1ачалкъ дукъ сайн

Верта дуй,

Теркан аре

Кевнан г1уй,

Иза сайн ден

Весет дуй.

 

 

28.12.2004

 

*  *  *

Со-м лийр ву,

           Лийр вуй а хууш,

Харцонал бакъ толар

           Эхартахь долуш,

Дезачу нахаца

           Дуьне ца къуьйсуш,

Къуьйсучу нахах а

           Дуьсур дуй хууш.

 

*  *  *

 

1одика йойла,

                   1одика йойла!

                   Ас безаш хьистина,

Со мара хьирчина,

Оьмаран йохаллехь

Сий дина мохк.

Хьуна ма гойла,

Цкъа а ма гойла!

Хьохь ала дош дайна,

Хьан лерам ца бина,

Бийцарехь г1елбелла

Сан ненан мотт.

 

Мукъам Абуеван Хадижатан

Ненан маттах

 

«Ненан мотт», язло сан ц1ийца,

Ненан мотт бека сан сица,

Сан бакъо ю иза бийца,

Сан бакъо ю цунах дийца.

Амма яц бакъо и хийца.

 

Ма г1олаш,

Ма хьолаш,

Ненан мотт шайца,

И бийца йиш йоцуш,

Боврболчу метте!

Ма г1олаш,

Ма хьолаш

Ненан мотт шайца,

И бийца стаг воцуш

Лийрболчу метте!

 

 *  *  *

 

Ненан мотт,

         Хьо бека бисалахь

                   Тахконза дисинчу аганна;

Ненан мотт,

         Хьо хезчохь бисалахь

                   Нана мел езачу беранна.

Нохчийн мотт,

         Хьо бийца бисалахь

                   Ненан мотт мел безачунна;

Нохчийн мотт,

         Хьо Баха бисалахь,

Нохчийн къам мел деха цуьнца.

 

07.01.2004

 

*  *  *

 

Поэтан дош дуьсу даха,

Шен синна т1ера цхьа саг1а.

И доьшуш цхьаъ кхиахь ваха…

Йиш ю –кха къонаха вала.

 

 

Касумов Саидмагомед Шахмурзаевич

 

 

Стихи

 

Ден, ненан тешаш

(Свидетели отца и матери)

 

на чеченском языке

 

Редактор –Джамбеков Ш.

Корректор –Ибрагимов Р.

Набор –Шахтиева З.

Верстка –Шахтиева З.

Художник –Мидиев А.

Технический редактор –Борхаджиев Х-Б.

 

Тираж 1000 экз.

Сдано набор 20.11.2006.

 

 

 

Сайт создан в системе uCoz