ДУЬНЕНО ХА ХОРЦУШ

Главная страница

Содержание

Касумов Сайдмохьмад

"Когда мир меняет лик"

Д1адала тигац сан ойланийн тезет,

1индаг1ан барамехь и т1аьхьа даьлла.

1аламо къайлаха дина-те весет,

Дуьнено ха хорцуш, теш хир ву, аьлла?

 

І-ра дакъа (1-й раздел)

Адамийн хьежамех

Со-м яздан ца хьаьгна

Нахана цхьа дика

Хийла стаг хеназа

Кхолламийн ирсан той

Ирсан кхаъ хьебелла

Халкъо боху

Даймохке дехар

Мекхаш, мехкаш

Дуьне догуш ма гахьара

Букваре безам

ТІом бу хІара

Нохчийчоь йогу

Ялийта тІеман цІе яге

Ден весет

Ден безам

Хьан волла йоьлхур ю

Сан деган бІаьстенехь

Со цкъа а девне ца вуьйлу

Даймехкан кІенташка

 ІІ-гІа дакъа (2-й раздел)

Сан бакъо яц

Къонаха ДуьнентІе

Хьан синан мерзаш

Сумбулатов Денина

ГІиллакх доьлху

Илланча зуьй моьттуш

ГІойтІарчу Даудов Рамзанна

Дикчу ден оьздачу йоІе

Паччахь хила догІначуьнга 

Ас гІиллакх лелийча хьоьца  

Баркалла

Дикаллин некъ хуьлу беха

ІІІ-гІа дакъа (3-й раздел)

Хьох воккха ца воь со 

Со-м лийр ву

Цуруев Шарипе

ХІай ойла

Сан шерийн корах

Ши са

ВогІийла маьрша

Син доттагІашка

Іодика йойла

Нагахь Іалам хийцалахь

ДІадала тигац сан ойланийн тезет

Баланах юьзна гоь

Жималло шех хьега

Бералла

ІV-гІа дакъа (4-й раздел)

Тийналле юьйлуш

Хир ду дезаш вай

Бехке яц хьо

Нагахь безам

Хьан тоьтту баттан дуьхьал мархаш

Вайна лор сан

Нагахь хьо хьастийна

 

 

 

 

     *         *       *

 

Адамийн хьежамехь,

Церан барт эгIарехь

Iаламехь хаало

Ха хорцуш Дуьнено.

 

    *         *       *

 

      Букваре безам

 

Москва цкъа дуьххьара

Букварь т1ехь гина,

Шен дагчу безамца

Йижина и

Цул т1аьхьа яккхийчу

Шахьаршкахь хилла,

Амма шел хазаниг

Ца гира кхин.

 

Тешара, Дуьненахь

Массо а берийн,

Ирс хилар - цу Москван

Машаран ницкъ.

Хьалхарчу классан

Букваре безам,

Цундела ден иэсехь

Ца лора биц.

 

Тахана шен к1ентан

Букварь т1е хьоьжуш,

Кремлан сурт т1е 1ена

Ден б1аьра хиш.

К1антана-м ца хаьа,

Уьш х1унда леда

Хеназа стенна

Да велла тиш.

 

 

    *         *       *

                 

Даймехкан кІенташка

 

Орга хин дехьара,

Терка хин сехьара, -

Бохуш мохк

Махкахь вайн ма къийса аш.

Хьо Азаматюртара,

Со ву Замаюртара,

Бохуш мотт

Питане ма бийцалаш.

Малх санна юкъара,

Даймохк буй хаалаш.

Вовшашца машаре

Барт хиле дахалаш.

 

 

      *         *       *

 

             Даймохке дехар

           (Эмигрантан илли)

 

Сан Даймохк, хьо орцах бала,

Дехар ду хьоь, со ц1а веха!

Хилла-кх кийча г1алат вала,

Ойлано со вича 1еха.

 

Махках вала еш ас ч1аг1о,

Баьхна соьга-м: Хьо сих ма ло,

Ойла хийце, хьо д1а ма г1о,

Мало 1еха, 1еха мало.

 

Дохковаьлла, Даймохк, х1инца,

Хьоьшуш, до сайн г1алат емал.

Лаьа юха ваха хьоьца,

Хир дац кхин мохк беза амал.

 

Ас сатуьйсу, хьо ган лууш,

Хьогаме са парг1атдала.

Ч1аг1о йо ас,дуй а бууш,

Шолг1а хера хьох ца вала.

 

Алац суна-м иллеш кхузахь,

Дог сан хьастац ненан маттахь -

Хийра ву со, шайчех вацахь,

Я ас буьйцург шайн мотт бацахь.

 

Хьуна генахь цхьалла зийна,

Карзахдаьлла дог сан доьлху.

Сингаттамо буьзна кийра,

Сан къиношна гечдар доьху.

 

Реза ву со-м горахь деха,

Кхин сан ойла-м лур яц 1еха.

1азапехь суо вогуш ц1арца,

Даймохк, хьоьга доьху орца.

 

       

         *         *       *

 

                Ден безам

 

Дас безам шен Махке белла

Геннара идош ц1а кхехьна.

Махкана со ваца велла,

Шена ирс эхартахь лехна.

 

Со тахна, ден весет лардеш,

Даймехкан кхерчахь сайн веха.

Цуьнга сан безам а ч1аг1беш,

Соьца ден ойланаш еха.

 

Бераллехь сайн ненан карахь,

Набарна лецначу г1енех

Цхьа аьхна 1аламан марахь

Воккхавоь Даймехкан б1аьвнех.

 

Геналло хьагийна вог1уш,

Б1аьрг тоьхча, гу лекхчу волий,

Даймахко шен мара къовлуш,

Дас санна, со хьосту хьоме.

 

 

           *         *       *

 

               Ден весет

 

Не1алтан гу т1е хьо ма валалахь,

Сий доьжнехь, и лоьхуш ма вахалахь.

Диканца дайша йоьттина г1ала,

Варий, ахь зуламах ма йохкалахь!

 

Сардаман 1ин чу а ма вожалахь,

Мостаг1чун дикаллех ма тешалахь,

Махкана г1аттахь хьо цхьа дика дан,

Амална аьрха дин ма божалахь.

 

Тешамах цатешам ма хийцалахь,

Г1ийлачу стагах а ма велалахь.

Цу хьог1ах хьайн деган доттаг1а вай,

Ахь нехан ирсаца ма къийсалахь.

 

Зама яц чоьте, яьккхинарг къуьйсуш,

Баркалла а доцуш, цкъа ваьхна ван.

Халонаш хир ю, хьан новкъа хуьйшуш,

Амма къар ма лолахь диканиг дан.

Даймахкахь, х1усамехь ларбелахь барт,

Ирс баьрчче даккхалахь, ца лоьхуш дов.

Ненан мотт, г1иллакхаш, вайн къоман хат1

Ахь лардахь, хир ю и хьан сийлахь б1ов.

 

 

        *         *       *

 

Дуьне догуш ма гахьара

 

Сох поэт ма хилахьара,

Б1аьрзе, къора висахьара,

Нохчий бехке бу-кха, бохуш,

Дуьне 1еха ма лахьара.

 

Бехке-м массо а ма вара,

Нохчийн лар-м батта т1ехь яра.

Даймохк мел бу ц1е а йогуш,

Хьан, кхин стенах х1ун эр дара?

 

Герз ца хилча, дош ца лелаш,

Мостаг1 муьлхарг ву ца хууш.

Бакъо йоцуш мохк бу х1ара,

Дуьне а шех кхета лууш.

 

Сох поэт ма хилахьара,

Амма т1ом чекхбалахьара.

Ловза бай т1е дуьйлуш арахь,

Ирсе бераш цкъа гахьара.

 

Х1окху хенан марахь велла,

Со-м цкъа къайла валахьара.

Стигла ваьлла охьахьаьжча,

Лаьттахь маьрша хан гахьара.

 

Батто малх ма лацахьара,

Къаьмнийн цхьа барт хилахьара.

Маьлхан алу т1е а йоьжна,

Дуьне догуш ма гахьара.

 

 

         *         *       *

 

                    Халкъо боху

 

Къизаллехь догучу даг т1е ша буьллуш,

Кхолламех бехк боцу синош а къестош

Шен йоцчохь хеназа 1ожалле лоцуьйтуш,

Х1инца а Даймахкахь леш бу-кха нах.

- Ша маьрша тийналлехь йижина 1уьллуш,

Нохчийчоь ягийна т1еман ц1е кхерстош,

Тезетийн мохк бина, чарташ а дуогІуьйтуш

Халкъо шех доглезнарг мила ву? бах     

 2002 шо

 

 

       *         *       *

           

        Хьан волла йоьлхур ю

 

Хьан б1аьргийн к1оргенан  г1опах
                                                     чекхволуш,

Со кхочу хьан деган къайленан беша.

Хьуна ма мотта, со кхетам а боцуш,

Ца хууш вуьсу хьан ойланаш еша.

 

Го суна хьан дагчохь хьаг1-1еха тесна,

Хьан синан кхетамехь ба1-асар даьлла

Моттарг1а еш къамел дуьххьар ца хезна,

Хьох х1инца дуьххьара со цец ца ваьлла.

 

Хьан доцчу эхьана суо бехке хеташ,

Собарехь йолана со алсам вуьйлу.

Хьан синан цакхетам сан синах леташ,

Сан ц1енчу амалан мерза мутт муьйлу.

 

Х1етте а, эхьах цхьа цуьрриг а доцуш,

Къамелаш хуьлу хьан, тешаме воьхуш.

Сан г1иллакхийн мохь ша кхачийна болуш,

Хьан волла йоьлхур ю къинойн мохь             
                                                          кхоьхьуш.

 

    *         *       *

 

Хийла стаг хеназа

Воьрзуш го лаьтте,

Барт боцуш,

Ирс дайна

Бисанчу махкахь.

Ткъа ц1иэрах ца 1ебаш

Летачу нахе,

Х1ун алий кхайкха со,

Муьлхачу маттахь?

 

                       2002 шо

 

 

      *         *       *

 

Ялийта т1еман ц1е яге

 

Ас б1аьрзе хилла

Даймохк лоьху сайн,

Сан Даймохк цхьанне

гирий шуна, х1ай!

 

Цуруев Шарип

 

Ялийта Даймахкахь

Т1еман ц1е яге,

Тоьур ду делхийна

Дегнаш вайн, 1ийжош.

Ма вита Даймахкахь,

Шен Даймохк лоьхуш,

Б1арзвелла илланча,

Даймохк а боцуш.

Шен ненан мукъамца

Набарна дижош,

Тахкийта Даймахкахь

Ага, бер кхиош.

Къагийта Даймахкахь

Зезагийн аре,

Къоначийн дегнаш а

Безамца ийдеш.

Дахийта Даймахкахь

Даймехкан бераш,

Г1иллакхаш 1аморца

Барт-машар кхийдош.

Алийта Даймахкахь

Дайх дисна иллеш,

Ненан мотт бийцарца

Уьш дагчу дийшош.

Шен халкъан кхолламах

Дош аьлла сийдарца,

Вахийта Даймахкахь

Мехкан во1 илланча.

 

 

     *         *       *

 

Ирсан къаъ хьебелла

 

Г1айг1анан тийжамехь,

Лазаран 1ийжамехь,

Хиллачо чов йина,

Хиндолчо човхийна,

Доьлху дог, г1елделла,

Делла ца долуш.

Дахаран къизаллехь,

Яздинарг азаллехь,

Зуламех ц1ов бина,

Нохчийчу кховдийна,

Ирсан кхаъ хьебелла

Даймахка бог1уш.

 

                            2002 шо

 

  *         *       *

 

Кхолламийн ирсан той

Дуьне а хилла,

Дуьненан цу тойнехь

Къаьмнийн барт хилча

Ба1 санна, бохь вуолу

Карадой х1илла,

Ца 1ебаш Дуьненах,

Ц1е ца латийча.

 

 

  *         *       *

 

Машаран кIайн кхокха

Ша стенгахь байна те,

Массо а халкъашна

И ган ца доьгІна те?

 

 

              *         *       *

 

Мекхаш, мехкаш деша цалург

Вист ца хуьлуш 1ад1ахьара.

Понт ю аьлча, топ ю моьттург,

Т1ам т1е ваха ма г1ертара.

 

Г1ала аьлча, бала бохьуш

Кхайкхича ма ваг1ахьара.

Салам делла, самалделла,-

Бохург нийса хазахьара.

 

Т1ом бу аьлча, сом ду моьттург,

Б1аьрмециг ма вийлахьара.

Бакъо лоьхуш, харцо кхоьхьург

Пхьоьхане ма х1иттахьара.

 

Мох бу аьлча, нох дац,- бохуш,

Шаьш х1ун къуьйсу хаахьара.

Экъа аьллехь, экха доций,

Кхета 1ама хьажахьара.

 

   *         *       *

Нахана цхьа дика

Ца далахь сайна,

Халкъах сан кхоллам а

Ца бисахь ийна.

Лаам бу д1авала,

Т1епаза вайна,

Эхь-бехк а лаьцна,

Сайн доцучу сийнна.

 

                       2002 шо

 

  *         *       *

 

Нохчийчоь йогу,

Вайн кхетам бацарна:

Хьекъалан меттана

Хьаг1 алсам яларна,

Диканна аьлла дерг

Харцонца тидарна,

Бакъонна г1аьттинарг

Сийсаз веш вайарна,

Нохчийчоь йоьлху

Вайн кхетам бацарна.

 

Нохчийчоь йогу,

Вайн кхетам бацарна:

Зуламан дайх тешна,

Церан сий айбарна,

Г1иллакхаш дицдина,

Вай карзахдовларна,

Ненан мотт бицбина,

Барт марзо яйарна.

Нохчийчоь йоьлху,

Вайн кхетам бацарна.

 

Нохчийчоь йогу,

Вайн кхетам бацарна:

Эзарнаш адаме

Мохь тухуш кхайкхича,

Хьекъале ладог1а

Вайна ца хаарна,

Ваша а вешеха,

Вас юьтуш, къастарна,

Нохчийчоь йоьлху,

Вайн кхетам бацарна.

 

Нохчийчоь йогу,

Вайн кхетам бацарна:

Вовшашка тешамах

Цатешам иэбарна.

Я цхьа барт а хилла,

Даха ца хаарна,

Хьанала хьегна къа

Хьарамчух иэдарна.

Нохчийчоь йоьлху,

Вайн кхетам бацарна.

 

Нохчийчоь йогу,

Вайн кхетам бацарна:

Аганахь 1уьллучу

Бере ч1ир кхайкхорна,

Вешан мохк дакъаза

Ваьшша вай баккхарна,

Гуш йоцчу нийсонехь

Тоьлла к1ант валарна.

Нохчийчоь йоьлху,

Вайн кхетам бацарна.

 

Нохчийчоь йогу,

Вайн кхетам бацарна:

Дуьненан рицкъа вай

Ца 1ебаш, къийсарна,

Ша дала деллачух

Тоам а ца барна,

Барт боьхча махкара,

Ирс ара даларна.

Нохчийчоь йоьлху,

Вайн кхетам бацарна.

 

 

    *         *       *

              

Сан деган б1аьстенехь

Делккъехь дарц хьаьвзи,

Ас йинчу икхах[1] чекх

Шийла мох бели.

Лераме цхьа доттаг1

Тешамах вели,

Цкъа динчу диканна

Вон дуьхьал дели.

Тешаман чаккхенга

Иза ца кхечи,

И вочу амалан

Бекхамо леци.

Ойланийн ц1ергахь сан

И мохца веги

Маржа-я1, сан ирсан

Хьаг1- седа беги!


 


      [1] Икх мохана, дарцана еш йолу дуьхьало

 

    *         *       *

                 

Со цкъа а девне ца вуьйлу,

Г1ийлачул тоьлларг ву, баха.

Ницкъаца аса ца къуьйсу,

Суо цхьаннал эшна ца ваха.

Амма цхьа патарма санна,

Майралла ю дагчохь сецош

Ца хууш муьлхачу ханна

Аьрхаш ю д1ахеца езаш.

Масозза уьш малъен, бохуш,

Майралла сан карзахяьлла..

Кхачочу собарх ца волуш,

Со-м веха, къона къежвелла.

 

  *         *       *

Со-м яздан ца хьаьгна

Маь1на а доцуш,

1аьтІкъинарг сан дагна

дац бахьна доцуш.

 

   *         *       *

Т1ом бу х1ара,

                   т1ом бу!

Леррина со хьаьжча,

                   бехкениг - гой,

Жин ду и,

                   шайт1а ду,

Адамийн пхьоханехь

                   х1оттийна той.

                                  2-й раздел

          *    *    *

Ас г1иллакх лелийча хьоьца,

Дац иза-м хьан вонаш дезна,

Дех йисна цхьа амал соьца,

Ю ехаш, адмалла езна.

 

Баркалла

 

Осмаев Мовлина

 

Цкъа мацах ахь бинчу

Хьехамца кхиъна,

Ойланаш чІагІелла

Со веха тахна

Эхь дара суна и

Дицдан а лиъча,

Хоттийча кеп хьуна

Суо эсах воьхна.

Собаран да хилий

Вахалахь оьзда,

Хаалахь, дикаллийн

Некъ хуьлий беха,-

Бохуш сан амалш

ГІиллакхца йоьзна

Тахна а, сан лерехь

Хьан хьехарш деха.

Баркалла духхьара

Жималлин новкъахь

Сайн похІман къайленан

Новкъа ваккхарна

Нана Мохк, ненан мотт

Безарца шовкъехь

Лар а беш, сий дан со

Ахь Іамаварна.

 

Хьан цІарах ваха ас

Дуй а  ца биъна,

Заманца довла а

Тарло вай хера.

Хьан халчу цу новкъахь

Ораца а хилла

Диканна дикадар

Лору сайн декхар.

 

*     *     *

 

Дикаллин некъ хуьлу беха,

Цуьнан ц1е велча а еха.

 

Дикчу ден оьздачу йоь1е

      (Р)

 

Сан деган г1айг1анийн

                     х1усаман корах,

Чукъедаш дог хьосту

                     ирс хилча хьо,

Чаккхе а йоцуш хьо

                     лоручу новкъахь

Г1алат ма лехалахь,

                     бехке ван со.

 

Йочанан мехаша

                     идаеш мархаш,

Сан ц1енчу ойланех

                     д1акъастахь хьо,

Дог1анан 1аьмнашлахь

                     ирс дайна керчаш,

Ма мотта, суо цхьалха

                   вуьсур ву со.

 

 

Этнограф волчу

Хасиев Сайд-Мохьмадан

ойланаш йоьшуш

 

Г1иллакх доьлху

 

Хьалха дайша лелош хилла,

Лерам барца оьзда г1иллакх

Тахна алсамдаьлла х1илла,

Дисна иза доьлхуш, г1ийла.

Г1иллакх доьлху, довш ду,   
                                        бохуш,

Ненан маттахь бетташ мохь

Иза доцург хезаш воцуш,

Хуьлу кийрахь, шена чохь.

Даржехь, г1орехь волчо хьалха,

Г1уллакх дарца йоккхуш хьалхе

Лерам барца даьхна г1иллакх,

Мискачуьнгахь дисна миска.

Г1иллакх доьлху, нацкъар
                                        дуьйлуш,

Хало сецош шена чохь.

Дисна, бах, и къахьо муьйлуш,

Барт боьхначу Нохчийчохь.

 

Хьан синан мерзаш

(Айдамиров Абузаран сийнна)

 

Зуламо харцонан орам,

Даймахкахь кест-кеста хоьцуш

Сан къоман ирс дайна кхоллам,

Бакъоне кхачо некъ лоьхуш.

Ахь Еха буьйсанаш зийна,

Лаьмнашкахь ткъес детташ хийла,

Наб йоцуш Дарц лайна шийла,

Д1адаккха зулам вайх ийна. 

 

Баркалла, хьо винчу нанна,

Беркате  еанчу ханна,

Ца воккхуш доьналлех гал а,

Къинхетам хьох бинчу Далла!

Эшаеш Даймахкахь чилла,

Ненан мотт ларбеш, сий айа.

Хьан синан мерзаш а хилла,

Кхуьийла йозанан дай а.

 

*   *   *

Илланча зуьй моьттуш,

Шаьш боьлуш хиллера

Галбевла нах.

Цкъа белош,

Цкъа белхош,

Илланчас зуьйш хилла

Нах боцу нах.

 

 

Г1ойт1арчу

Даудов Рамзанна

 

Илланчина

 

Пох1манан къайле хьо зен новкъа ваьлча,

Къахьоьгуш халонийн муьрех чекхваьлла.

Цундела ахь илли гу лекхчохь аьлла,

Мехкан Дай-къонахий гуллучохь санна.

Г1арол а хилла сан къоначу шерийн,

Ирс дохьуш бераллехь гиначу г1енийн,

Сан безам ларбеш ахь, иллеш хьайн декий,

Варх1 ломал дехьара, йо1 ялош санна.

Тахна а, безаман ц1ераш а летош,

Геналло хьегийнарш вовшех а тешош,

Курачу амало къастийнарш белхош,

Дека аз, стиглара мохь бетташ санна.

Яхначу цу хенан жималлех хьегош,

Синтеме далийна сан деган пхенаш.

Хьан иллеш дехар ду, мукъам ца хелаш,

Мукъаман да волчу илланчин санна.

 

*   *   *

 

Къонаха Дуьнент1е

                 балийна ца волу.

Къонаха Дуьненчу

Дика дан вог1у.

 

Паччахь

хила доьг1начуьнга

 

Хьайн шерел совдевлла

Диканаш алсам

Вехийла эзарнаш

Баркаллийн даржехь,

Зуламан башхаллехь

Бан хиъна къастам,

Ларвойла адамийн

Тешаман баьрччехь.

Дагчохь хьайн йоцуш

Цхьаьнненца вас а,

Кхетаман эшамехь

Цхьаъ хьайга хьаьжнехь,

Делан лай хилла,

Цунна беш хастам,

Халкъана беркате

Хьох хуьлда Паччахь!

 

Сумбулатов Денига

 

*     *     *

Муо битначу шерех цкъа

говза аьлла дош ду хьан,

Хазлуш гойла Даймохк сан, -

Бохуш туьдуш синан хьал.

 

Элпаш вовшех туьйсуш ас,

Ненан маттахь аьлча дош,

Даржош, декош синан аз,

Ахьа муха дира гоч?

 

Нанас дена виначо

Ешац ойла нийса сан,

Синан хьал ца хиъначо,

Лору иза туьйра, г1ан.

 

Иштта говза хилча хьо,

Ешахь, доттаг1, ойла сан:

Цкъацкъа х1унда хуьлу со,

Ван а лууш т1епаза?

 

                                Дуруев Хункарпаша

                                  (1930-1990ш.ш.)

 

            ХІокху суртатІехь верг,

                Ву Хункарпаша

                Лиэраме ваьхнаверг

                   ГІиллакхийн хьаша.

 

*     *     *

 

     Сан бакъо яц,

                   дош аьлла зуламан сий дан,

     Я цхьаммо кховдийча,

                    тешам ца ларбан.

     Яц бакъо адамийн

                    Дикалла йицян.

     Амма ю цхьа бакъо

                    Диканна дика дан.

 

                                  3-й раздел

        *   *   *

 

Баланех юьзна гоь сайна к1ел юьллий,

Г1айг1анан г1айба ас

                               г1евланга буьллу.

Ойланийн г1енашна суо мара вуллий,

1азапан къиза хан набарца хуьйцу.

 

 

Бералла

 

Нанна т1ехьа юьжуш 1ийна,

Цуьнан мара хьерчаш кхиъна,

Текхна меллаш уьйт1а яхна,

Кога х1уттуш кет1а яьлла

Бералла, ма гена ели хьо,

Бералла, ма хьоме яра хьо!

Урам новкъа ловза юьйлуш,

Яраш текхош, ченаш уьйбуш,

Т1улгаш нийса кхисса хьоьжуш,

Набарца хьайн ловзар къуьйсуш

Бералла, ма гена ели хьо,

Бералла, ма ирсе яра хьо!

Дена, нанна юьккъе хуьйшуш,

Цаьрца цхьаьна ирсе вуьйлуш,

Т1аккха вашас туьйра дуьйцуш,

Йишас айбе метта вуьллуш

Бералла, ма аьхна яра хьо,

Бералла, эсера ялац хьо.

Когаш 1уьйра бай т1ехь ловзуш,

Ц1алга лелхаш, б1аь11аш оьхуш,

Б1аргаш буьзна хиш ц1а кхоьхьуш,

Ненан карахь г1енаш лоьцуш

Бералла, ма къиза хьийзи хьо,

Х1етте а сан хьуна сагатло!

Йуодий Терка-хин чу лоьлхуш

Уьдуш хьалха тулгІе санна,

Дас дов дича, нанна йоьлхуш,

Дегабаам бича санна

Бералла, ма гена яьлла хьо,

Бералла, со байлахь хетало!

1аьржа б1аргаш, 1аьржа месаш,

Суна лехна, сох д1алечкъаш

Бералла, ма гена яьлла хьо,

Бералла, сан х1инца сагатло!

 

 

Цуруев Шарипе

 

*       *       *

 

Сан синан кхолламах

Д1акъастош са,

Ша генахь ма вара

Синдоттаг1а.

Ткъа цуьнан сибатехь

И беттаса

Ма башха лепара,

Деш санна ха.

 

Тийналлехь мохь тоьхна

Ц1е йоккхуш сан,

И гучувелира

Цецвоккхуш со.

Диканна хила ду,

Тида хьайн г1ан -

Хазош самаваьккхи

Со доттаг1чо.

Алахьа соьга ахь,

Синдоттаг1а,

Сан зама чекхйолуш

И беттаса,

Со шега къаьрззина

Хьаьжначохь д1а

Ша къайладер ду-те,

Д1адаьхьна са?

 

 

*   *   *

 

Д1адала тигац сан ойланийн тезет,

1индаг1ан барамехь и т1аьхьа даьлла.

1аламо къайлаха дина-те весет,

Дуьнено ха хорцуш, теш хир ву аьлла?

 

*    *    *

 

Жималло шех хьега

Со х1инца витна,

Сан даг чохь д1алаьцна

Цо меттиг шуьйра.

Дуккха а цо шеха

Дийца ма дитна,

Ма гена даьлла и -

Г1ан хаза туьйра.

 

 

*   *   *

 

Х1ай, ойла,

          баланийн  1индаг1,

Т1аьхьара ялий,

          со маьрша вахийта!

Х1ай, г1айг1а,

          Сан ирсан 1ийжам,

Дагчуьра ялий,

          Маьлхан де къагийта!

 

 

*      *      *  

 

Хьох воккха ца воь со,

              Х1ай, тойнан Дуьне!

Со-м кхиъна вог1у хьан

              къайленан дуьхе.

К1ордийна хьежа хьан

              чотйоцчу куьце

Хьевала ца лаьа,

              хуьйжуш хьан шуьне.

 

*     *     *

 

1одика йойла,

1одика йойла,

Ас безаш хьистина,

Со мара хьирчина,

Оьмаран йохаллехь

Сий дина мохк!

Хьуна ма гойла,

Цкъа а ма гойла,

Хьан лерам ца бина,

Хьох ала дош дайна,

Бийцарехь г1елбелла

Сан ненан мотт!

 

 

*   *   *

 

Нагахь 1алам хийцалахь,

Цо т1е1аткъам суна бахь,

Даг чу хьаьвза шийла дарц,

Ойланаш а екхна гац.

 

 

Сан шерийн корах

 

Г1елъелла ойланаш хьуьйзу сан коьрте,

Къар вала ца лууш, ас велар лоьху.

Безамах сан байташ  кхин яц-кха чоьте,

Кху дийно кийрахь дог г1айг1ане лоьцу.

 

Лоьцу цо, ойланехь дисинарг цхьалха

Хено а гергайо оьмаран к1орге.

Жималла, ирс долуш со ваьхнарг хьалха,

Йоьрзуш го сан шерийн дукхаллин хьоле.

 

Теркаца ц1ийелла суьйре а лоьцуш,

Иллешца и хаза екош сан лорах

Оьздачу мехкаршца жималла кхоьхьуш

Кхин к1ентий лелаш го сан шерийн корах.

 

- Цагинарг дац и мел ваьхначу стагна,

Делахь а х1оранна ду иза керла -

Сан дагах чекхдуьйлуш, шаьш мхий санна,

Сагатдеш сан баьрчче гуллуш ду шераш.

 

 

Сайн юьртахошна

 

Ши са

 

Сан ши са хир ду, со лечу хенахь,

Цхьаъ - дала лууш, 1ожална оьхьуш,

Ткъа важа - доьлхуш, даларна кхоьруш.

Цхьаъ аса д1алур ду вайн Теркайистехь -

Даймехкан сий лардеш,

Халкъана даьцнарг.

Шолг1аниг соьцур ду вехачу х1усмехь,

Безачийн сих ийна,

Сан юьртахь даьхнарг.

Цхьаъ парг1атдер ду са,

Х1аваэ долуш,

Назманан мукъамехь самалхадаьлла.

Шолг1ачо ницкъ бийр бу,

Ша юьртах долуш,

1одика ца ялуш, мукъам шен хаьлла.

 

 

Синдоттаг1ашка

 

Гадаев Мохьмад-Салахьца

ойланаш йоькъуш

(весетан метта)

 

Даймахкахь дахаре

Б1аьрг тоьхча сайн,

Адамийн барт эг1ар

Деза ца лой

Харцонан зуламо

Хорам а бой,

1ийжаме дуьйлура

Дог, г1ел а лой.

Къоналлин амална

Ницкъ хилча сайн,

Волий д1о Терка-хин

Бердашка г1ой,

Сайн синан кхолламах

Х1оллам а бой,

Ойла д1ахоьцура,

Маршо а лой.

Сан ойла, аьрзунах

Г1оттуш д1аг1ой,

Дерриге Дуьненахь

Кхерста а лой,

Йоьхначу замано

Тешам ца лой,

Дахаре йоьрзу,

Со г1айг1ане вой. 

Кхолламо юха а

Са б1аьрзе дой,

Суо хилар хууш

Цу 1ожаллин лай,

Валаран ойла еш

Тоба а дой,

Хьоьжу сайн оьмаран

Чаккхе а гой.

Дахаран вайн некъех

Уьйриг а бой,

Кхачадо, доттаг1ий,

Дуьненан той,

Д1о Терка-хин берде

Суьйренца г1ой,

Со дагалацалаш

Де билгалдай.

Терка т1ехь нур даржош

Беттаса гой,

Гуш доцчу ирсах цо

Дог тешадой,

Ойланийн аьхналлехь

Со веха сайн,

1аламо деллачух

Вала ца лой.

Ша цхьаллин тийналлехь

Син доттаг1 гой,

Маршалла д1алолаш,

Сан весет дай

 

*     *     *

 

Со-м лийр ву,

           Лийр вуй а хууш,

Харцонал бакъ толар

           Эхартахь долуш,

Дезачу нахаца

           Дуьне ца къуьйсуш,

Къуьйсучу нахах а

           Дуьсур дуй хууш.

 

 

ВогІийла маьрша

 

Сан юьртан ирсан барт

бохо а гІерташ,

Ма эха тхан эвла

сий доцу стаг.

Вонах юьрт ма йохка,

пуьташна къежаш,

Боху, дайн весет тхайн

ца дина мал.

Хьо оьзда тешаме

дика стаг велахь,

Хир ву сан юьртан

везачех хьаша.

Диканца ван юьрта

хьан нигат делахь,

Вехийла гІоза

ВогІийла маьрша!

                                  4-й раздел

Бехке яц хьо

 

Бехке яц хьо,

Со цаиэшахь,

Вицван тийсарх,

Дагна урх.

Йицйир ю хьо,

Йицъян дезахь,

Дог сан кийрахь

Х1иттарх пурх.

Соьца марзо

Хьан ца яг1ахь,

Лечкъа ца деш,

Ала схьа.

Хир ду доза,

Хьуна лаахь,

Бехке ца беш

Безам хьан.

Лоьхур яц ас,

Т1аьхьа оьхуш,

Хьуна герга

Лууш ван.

Декор дац аз,

Иллеш бохуш,

Ялахь хера

Со ца ган.

Амма лаам

Кхочушхилла,

Цхьана дахар

Дозахь вай...

Т1аккха безам

Эшна хилла,

Цунах хьегар

Хир дац вайн.

             

1986 шо

 

 

*      *      *

 

Хьан тоьтту баттана дуьхьала мархаш,

Хьан юхауьйзу сан безаман архаш?

 

1987 шо

 

Хир ду дезаш вай

(эшар)

К1анта:

Стиглахь кхетча беттаса,

Безаме ша вохуш со,

Хьо ган, езар, гатло са,

Амма генахь хуьлу хьо.

Йо1а:

Гена девлла хиларх вай,

Батто герга кхачадо.

Безамах дог тешадой,

Буьйса йоьду таса гуо.

Шиммо:

Хир ду, хир ду дезаш вай,

Хийла дуьне хьийзарх вайн,

Деза вайна к1ордор дац,

Безам цкъа а кхачор бац.

К1анта:

Нагахь балахь х1урдан мох,

Тулг1е ойуш тахкахь Терк,

Хьо яккхарна кхоьру сох,

Барна цхьаммо тешнабехк.

Йо1а:

Шек а воцуш, тешалахь,

Сан ц1еначу безамах,

Йицъяй со ма лелалахь,

Кхуьуш ю со зезагах.

Шиммо:

Хир ду, хир ду дезаш вай,

Хийла дуьне хьийзарх вайн,

Деза вайна к1ордор дац

Безам цкъа а кхачор бац.

 

1984 шо

 

 

*     *     *

 

Нагахь хьо хастийна, говза дош алахь,

Суна хьайн амалехь хийца ма лолахь.

Аьхна мотт буьйцуш хьан даг чу

                                                        со валахь,

Куралла йоссаяй, ма къийлалолахь.

Зезагаш хазйо-кха муьлхха а аре,

Маттаца хазйо ас хьан ирча кхане.

 

 

*      *      *

 

Нагахь безам

Багахь вайн,

Эшац сох ма хета эхь, 

Б1аьргаш чу со

Хьожуш хьайн,

Вог1уш,

Воьдуш,

Валахь т1ех.

Ц1ена хир ю

Ойла сан,

Оьзда лела

Кхиъна и.

Дог а, хьостуш,

Дело хьан

Вер ву хьуна,

Вер ву кхин.

 

 

*      *      *

 

Тийналле юьйлуш,

Ойлане хуьйшуш,

Безамах язйина

Сан байташ йоьшуш.

Синтеме йоцуш,

Со дагалоьцуш,

Еза йо1 хир ю

Д1о батте хьоьжуш.

 

Вайна лор сан

 

Къилбаседа

Малхбалехьа

Хьежо лиъна

Б1аьран са.

Хьегам боцуш

Батте хьежа

Дас кор дуьтуш,

Доьг1ча ц1а.

 

Б1аьрго лацац

корах ара

Стиглан Нана -

Беттаса,

Кхин т1е базло

г1айг1а бала,

Ца гуш висча

седа цхьа.

 

Хьалха санна,

Лаьтта кор сан,

Амма ца го

Беттаса.

Синлазамийн

Вайна лор сан

Кора дуьхьал

Доьг1на ц1а.

 

 

 

 

 

 

 

Сайт создан в системе uCoz