ИРС ЛОЬХУ ХЕНАШ... (В поисках счастья)

Главная страница

Содержание

Со вогIу Даймехкан...
Со веъна дуьнен тIе...
Хьунарийн къонахий...
Къонахийн цIарна тIехь
Къонахчух дуьззина
Машаран къонах
Нохчийчоь яра...
Сан дагчу ца кхечи...
Къизалла
Ирс юхадерзош
Хиларх и куьцана...
Къиза къинош
Ас, гIаддайна, тоьхна мохь...
Къонахий лийр болу...
Ирс лехахь, барт боцуш...
Массарна а йогIу халонаш...
ВаIда
"Дикачу нехан ирс ду со" аса бахарх...
Даймехкан ирс ду-кха...
Хьиэсапаш
Ненан маттах
Сан тайпа...
Ненан мотт...
Весет
Сан гIаддайнехь...
Ас хьоьга сайна...
Со жима хилла
Да виса, Дуьне, хьо...
КIадвелла...
Паччахьо лехна...
Къонаха, лаарна...
Ас Iамал сайн кханене...
Эхартан денош...
Жимчу бIаьрго доккха...
Сайн лааме хьаьжча...
Стенгара кхочу те...
Малх а бохьуш бIаьсте йогIу...
Хьо вагор ву, чахчавеш...
Вала ца лаъал...
Веларна тIехьа...
Велларг хьарчо...
Ойланийн дахарехь...
Новкъа хуьлу...
Да виса, caгIa, хьан делаI...
Дахарехь къизалло...
Велча-м...
Да виса, дуьне, хьан делаI...
Са - чолакх хIинца...
Да кхелхаш...
Ненах къаста дезар
Нанна сахьийзар
Нене (назма)
Ма некъаш дара ас...
Нанас, дов деш, тоьхна тIара...
Ден, ненан тешаш
КIанте
Цхьа дика да-нана дара сан...
Сих санна, хала ду...
Безаман туьйра
Къосуман Шихмирзин илли (1887- 1977)
Бож-Iелин «бIов!
Йинчу денца!
Сан жайна» (илли)
Курачу йоIе
Iамахьа хьо... (эшар)
Дохко ялалахь (зшар)
Хьан пхийтта шо ду...
Со дIагIур ву, Iехавелла...
КоIанашна хьарам йо ас...
Ас пхьоьхане хIуьтту...
Соьга-м куоIанаш...
Ас хьан уьйтIа кхоьхьу сайн тешам...
Хала ду хьаьрчинчу уьйрех...
ХьагI йолчуьнга
Со мелла ган лиънарг...
Нагахь хьо цхьанна...
Декхархошка
ГIиллакхаш дезачуьнца...
ГIиллакхаш лело...
Зама, ахь вигарх со...
ТIехъели...
Кьежлуш ю месаш...
ДагавогIий хьуна...
Ца лаьа... (илли)
Малх гIоттуш, Iуьйренан...
Сан назманаш...
Замане кхел яйта...
Адмашна хьо хIоттош хе...
Лазайо аьлха...
Поэт велча
Баркалла, адамаш
Ас валале хьегнарг...
Дуьненан доккхаллехь...

 

 

 

 

      *  *  *

 Cо вогIу Даймехкан

 Массо а кхерча,

 Массо а сих ийна,

 Ойланех хьерча.

 Кхочур ву дуьненан

 Еа а маьIIе,

 Барт кхуллу машаран

 Дош ала маьIне.

 

     *  *  *

Со веъна дуьнен тle

Тидамаш баха,

Ца веъна дуьнен тIe

Со бале вала.

Со веъна адамийн

Цкъа бIаьра хьажа.

Со веъна ала цкъа,

Ирc лохуш даха.

 

Со веъна дуьнен тIe

Тидамаш баха,

Ца веъна дуьненан

Рицкъанах Iаба.

ДIагIур ву сайн цIа со,

Эхартахь ваха.

Дуьненахь дош дитна

Машарна даха.

 

Хазделаш массар а

Цхьатерра дахар,

Ларбелаш массар а

Цхьатерра машар.

 

                              *  *  *

Хьуьнарийн къонахий

Дукха ца беха,

Я беха ца хуьлу

Ирсан некъ церан.

 

                              *  *  *

Къонахийн цIарнатIехь...

 

Маржа-яI,

Кхоам шун

Байначу кхолламийн,

Гуш йоцчу нийсонехь

Хеназа белла!

Шун сийнна боьгIначу,

Чурт хиллачу, хIолламийн

Яххьаш тIехь го шоьца

Шун ирс а делла.

Шун синна билхинчу

Нанойн а, мехкарийн

БIаьрахиш хIиица а

Дакъа ца делла.

Шун сийнна, таIIош,

Мел хьаькхначу къоламийн,

Лар хилла юьсуш го

Йоза язделла.

Маржа-яI,

Кхоам шун

Байначу кхолламийн,

Къонахийн цIарна тIехь

ЦIе йисна къонахий!

 

12.01.2004.

 

 

                             *  *  *

Къонахчух дуьззина

                дош ала цкъа,

Къонаха ма оьшу

                къонаха ган.

 

"... Со  нохчийн халкъан паччахь еац. со нохчийн къоман

цIарах машаран векал ву".    аьллачу

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина.

 

Машаран къонах

 

Малхбалехь,

Малхбузехь

Йиллинчу мсттехь,

Къонаха ган лууш

Iийнера со.

Къонахчун доьналлехь

Хьуьнарийн хьеле,

Де дуьллу къонаха

Хиллера хьо.

 

Малх боцуш,

Мох болу

ЦIийзачу дийно,

Вихкина хилла

Ца висна хьо.

Мах болу Мохк болуш,

Халкъанна вецаш,

Къонахчун цу дарже

ХIоьттина хьо.

 

ХьагI йоцу

Нах болуш,

Гонаха хьийзаш,

Ирc махка цIа дерзо

Вехийла хьо.

ЧIир йоцуш,

ГIилкх долу

Нохчийн къам денлуш,

Вуьсийла халкъаца

Къонаха хьо.

 

Харц доцуш,

Бакъ долу

Дош олуш ваьхна,

Цкъа ирсе халкъ гина

Лийр вара со-м.

Топ йоцуш,

Дош долу

Къонахийн сийдеш,

Вехийла машаран

Къонаха хьо.

 

 

                              *  *  *

Нохчийчоь яра,

Шеран хIоттаман

Деа а декъехь -

БIаьстенан беш.

Нохчийчоь ягий

Еа а маьIIехь,

Цу дийнан делккъехь,

Пусар ца деш.

 

                                 *  *  *

Сан дагчу ца кхечи

Малх хьаьжна бIаьсте,

Iаламо ца кхели,

Хазйина, аьхке.

ТIамо чов хаийна

Сан ирсан баьрчче,

Сан дахар яздели

ЦIийн тIадмийн хьаьркех.

 

                Къизалла

 

Ши бос а лепош, шен даржийна тIемаш,

Зезаган патар тIехь полла бу техкаш,

Бес-бесарчу ярех тарлуш, къарзъелла -

Поллана цхьа пхьид ю къайлаха тиэбаш.

 

31арана буцучу сарагах сетташ,

Мукъаме а йоцу башха шок етташ,

Лаьхьа бу пхьид лоьхуш, гайна къарбелла,

Хи йистехь меллаша ярашлахь тиэкхаш.

 

Поллана тебначу пхьидана тиэбаш,

Цунах шен бIаьргкхетта, лаьхьа бу сецаш,

Стигланан лакхенгахь тIемаш а хецна,

Куьйра ду хIаваэхь цаьрга бIаьрг бетташ.

 

Баржабеш, бахбипа пхьидо мотт ластий.

Полланах хьарчош цо и бага баьхьи,

ЦIоганехь дерриге гlopa а гулдеш -

Кхоссалуш, лаьхьано пхьид шен бага яьхьи.

 

ЦIаьххьана чу хьодуш, харцо ца лайна,

Куьйрано лаьхьа а хIаваэ баьккхи...

Адамаш, алийша вай хIун ца лайра,

Хьенан ирс хьаьнгара къизалло даьккхи!?

 

 

Ирс юхадерзош...

 

ЧIирийн мох,

            ХьогIан мох!

Баланийн,

            Лазарийн

Кевнаш а доьллуш,

Хьо муха кхечира

ХIусмашка тхан?

 

Ирсан барт,

Къоман хат!...

ГIайгIанийн,

Лазамийн

Чевнаш а лоьцуш,

Доьлхуш ма девлира

Кех ара тхан.

 

Кхолламийн

ХIолламаш

Дуккха а

Шен уьйтIахь,

Ган а гуш, хIиттийча,

КIезга-м ца йилхира

Тхан Нохчийчоь!

 

1илманийн,

Хьуьнарийн

Тайп-тайпа къонахий

Даймахкахь

Иэбоьлча,

Ирс а  ду ц1адоьрзуш,

Ца дайта доь.

 

Хиламийн,         

Тидамийн

Йозанаш а деший,

1илманах хье бузий,   

Дош тоьпал дазделаш,

Т1аьхьара хьеший!

 

Къизаллин юьхь лаьцна,

Хьог1ан яхь т1е йог1уш,         

Геннахь ган 1амалаш,

Шайт1анан мох болуш!

 

12.01.2004.

 

 

*    *    *

 

Адмашна хьо х1оттош хе,

Даар делларг адмийн хье,

Хьуна «ойла» елларг ц1е,

Мила ву те,

Яккхахь ц1е?

 

 

*   *   *   

   

Ac, г1аддайна, тоьхна мохь,

Сан синна къа доьхуш

            ма хила;

Ас г1оддаха тоьхна мохь,

халкъана орцанна

        хьо хила.

 

 

*  *  *

 

Ac хьан уьйт1а кхоьхьу сайн тешам,

Ахь охку ямартло сан бешахь, 

Вайшиннан г1иллакхех гергарло    

        ца хуьлу,
Вайшиннан гергарло ас доцчохь    

        1аддуьту.

*     *     *

Ас хьога сайна

    ц1е тилла вола ца бах,

Ас хьоьга сайна

    той х1оттаде а ца бах.

Ас хьоьга

    Даймохк хьайн безахьа бах,

Ас хьоьга

    ненан мотт биц ма бе бах.

 

 

 

1арлойларчу

Maг1арбн-хьаьжина

 

 *   *   *

 

Ас 1амал сайн кханене 

Кхийдаеш хьалххе,       

Бусалба дог къуьйлу,

Ял сайна кхиош.

Дуьненах ялсамане

Ялур яц цхьанне,  

Бахам сов мел буьйлу -

Сов дуьйлу къинош.

 

1998 шо

 

 

*  *  *

 

Ас пхьоьхане х1уьтту

    Божа ца лоьху,

Я ара ца иолу 

    Ko1a яц лоьхург.

Ас лоьхург г1иллакхе

    Оьздастагву,

Ас лоьхург дешан да –

    Къонаха ву.

 

 

*  *   *

 

Ас валале хьегнарг -     

Велча дийца ду.

Со велча, дуьйцур дерг

Юха денван ду.

 

 

Баркалла, адамаш

 

Со ваха лур вара,

    Белхий а боцуш,

Вала а лур вара,

    Белхар а доцуш.

Вахалур вацара   

    Даймохк сайн боцуш,

Даймахкахь ненан мотт

    Бийца йиш йоцуш.

Вахар хир дацара

    ДоттагТий боцуш,     

Догц1ена адамаш

    Гуонаха доцуш,

Сан валар хир дара

    Дийна а волуш.     

Баркалла, баркалла,  

    Дика адамаш,

Адамийн мог1арехь

    Сох адам дарна.

 

25.05.2003.

 

Безаман туьйра

 

Г1ойтарчу Рамзанах

хьулдина илли

Дерриге д1адер ду, ца хилча санна,

Ца хилча санна, дицлур ду дерриг а,

Дерриг а цкъа дагалоцур ду ханна,

Ханна и мел хилларг хетар ду г1ан а.

Хиэтар ду г1ан иза, даларна гена...

Геннара халла бен ца къаьста дела,

Вай дезаш хиллачийн б1аьрхиш ду лиэдар,

Цхьа дагалецам шайх ца болуш хиэра.

Безамо кхоьллинчу туьйранех терра,

Тоьллачех цхьа туьйра хир ду вайх дийца,

Хир ду и туьйра, вай кхуллушехь кхеррарг, -

Яздала хьаьхна дерг безаман сийнна.

Илланчас, лиъна цкъа, ша кхиа дуьхе,

Вайн туьйра лоьхур ду къоналлин лорах,

Ткъа вайшимма-м тховса т1е хилла юххе,

Батте дог достур ду безаман корах.

Седарчийн г1оьнца д1о батта т1е даьхьна,

Вайн безаман туьйра вай дуьллур ду д1а,

Илланчас иллица мукъаме ваьлла,

Мохь тоьхна д1аэр ду и, т1екхиахь ша.

 

03.01.2004.

 

Бож-1елин «б1ов!»

 

Бож-1елин х1итточу

Нохчиййн театран говзачу актерана

Азаев Хьамидан

55 шо кхачарна лернна

 

Сан цкъа а хир яц поэма,

Со деха яздан ца 1ема.

Ойлано идаварх гена,

Ва1даеш, маь1на до чехка.

Поэма хилийта г1ерташ,

Мог1анаш яздийр дац деха.

Асарна бахбелла 1exa,

Лууш вац сайн байтех хьерча.

Маттана асар деш, мехкан

Лардийр ду дош маь1но меттан.

Яхйина ойланаш еша

Хьийзор биц нах сайха теша.

Со воссо динара г1ерташ,

Вир улле ма тийса суна.

Сан дин а бац-кха вуон терсаш,

Вирах и ца 1exapx гу т1ехь.

Товш хуьлу дин терса боьлча,

Къонаха велахь т1е хиънарг.

К1ордайо вир 1иэха йоьлча,

Пих Моллин иллица йиснарг.

Мосса за, хьаьнга ла доьг1на

Къамелехь хьевеллачуьнга.

Ладоьг1ча, х1ун пайда оьхьна,

Вас хилар доцуриг цуьнца.

Пашлочун некъ бацбан санна,

Яхъеш ас язйийр яц поэма.

Бож-1елин Б1ОВ а дац эрна,

Бож-1елас дош ца до 1ена.

Хьекъал дерг аланза кхетта,

Доцург - аьлча а - ца кхегта.

Кехат бех х1унда до эрна,

Ас хьанна язйо поэма?

Лаар-кха язъян-м поэма,

Чуьччара доккхуш дош говза.

Маь1на деш и еша, йовза,

Недалг а вац девзаш йоза.

Ас дуьту ломанна сехьа,

Дуьту ас рег1ана дехьа,

Цхьа доккха дош: Бож-1елин «Б1ОВ»...

Мотт безачо - де иза гоч.

Ас доцца эр ду: «Со эла»,

Сан йоцца ц1е ю Бож-1ела.

 

28.01.04.

 

 

*      *       *

 

Цхьа дика да-нана дара сан,

Сан г1айг1анех ирсан г1овла еш,

Ойланех седарчийн кочар деш,

Буьйсанех туьйранийн совг1ат деш,

Цхьа дика да-нана дара сан.

Цхьа дика йиш-ваша ду-кха сан,

Цхьа вон ваша хета суо церан.

Со буьйсанийн ву боху хьаша,

Со ойланийн ву олу ваша,

Сан г1айг1анах ирс тигац даша,

Цхьа дика йиш-ваша ду-кха сан,

Цхьа вон ваша хир ву со церан.

Велар со аллал нехан,

Ма велар аллал Мехкан.       

Велар со нах боцчу нехан,

Велар со къам доцчу Мехкан,

Цхьа дика йиш-ваша ду-кха сан,

Цхьа вон ваша ву-кха со церан.

 

22.01.2004.

 

 

Ца лаьа...

 

(илли)

 

Ца лаьа, къанвелла, 

Дуьненахь ваха,

Пхьарс лаьцна доьзало   

Суо кет1а ваха.

Т1ехйолуш цкъа мацах

Езначу йо1а,      

Со х1етахьлерачух      

Тера вац баха.

 

 

Ца лаьа, яхначу   

Хенах сайн хьоьгуш,

Суо вевзаш т1ехволург –

Ца вевзаш ваха.

Жималлехь, ас сийдеш,    

Лийринчу наха,

Соь хьал-де ца хаттал –

Сий доьжна ваха.

 

 

Ца лаьа, суо кет1ахь

Охьалахвелча.

Пиллакхна, дег1 нисдан

Де доцуш, гайта.

Я хьалха санна, со           

Иэсехь вац бохуш,   

Нахе сайн эшаман    

Мах хадабайта.

 

 

Ца лаьа, сайн берийн

Б1аьра а хьоьжуш,              

Дан амал доцуш, суо      

Да хилла ваха,     

К1ордийна аллал со  

Шайн ирсан баьрччехь...

Ца лаьа, доьзална           

Совваьлла ваха.  

 

Ца лаьа, заманийн

Чевнаш сайн тоьгуш,      

Оьмар а яхъяла,

Уьйрех д1ахаьдда.

Сахьийзош, сан деган

Диъ дакъа доруш,

Ца лаьа, къоналла     

Къанъелла яха.

 

 

Да кхелхаш...

 

Сан цхьайтта шо долуш гина

Сурт ду сан б1аьргаш чохь диена.

Цо гойту аьхкенан дийнахь

Сан ваший, сой деца висар.

Т1аьххьара дуьнене хьаьжна,

Кхин ца ган чувеъча санна,

Хаьттира дас соьга нана,

Ган лиъна шен х1усамнана.

Голашкахь ницкъ эшча санна,

Да гина шекваьлчу Вашас,

Схьалаьцна и хаош охьа,

Элира соь: «Г1айба лохьа!..»

Вашас да шен марахь сецош,

Ден мачаш ас охьаяьхна,

Баьрччехь, и къилбехьа верзош,

Да меттахь нисвира аьхна.

Паьххьара соьга схьахьаьжна,

Та11ош сан коьртах куьг хьаькхна,

Меллаша дас ши б1арг хьаббеш,

Малдира дег1 меттахь, даздеш...

Да декъал хилира т1аккха,

П11ераскан буьйсанан марахь;

Стиглахь ча такхийна тача

Гуш, со а висира.байлахь.

Сан цхьайтта шо долуш гина

Сурт ду сан б1аьргашчохь диена,

Ден кош т1ехь со лаьтташ тийна,

Т1унло и сан б1аьргийн хишца.

 

07.01.2004.

 

 

*   *   *

 

Да виса, Дуьне, хьо,

    Ког тоьхна дего... 

Хьо ластош, ко1анаш 

    Цкъа охьаэго.        

Висинарг дуьнен т1ехь

    Диканах тешо,

Ца дуьтуш, харцонан

    Зуламна гечо.

 

 

*       *       *

 

Да виса, дуьне, хьан дела1,

Со ца винехь,

    хьо-м духур долуш хилла!?

Да виса, эхартан дела1,     

Со ца велча,

    и-м хир долуш ца хилла!?

 

 

*       *       *

 

Да виса, caг1a, хьан дела1,  

Ma генахь сецна хьо байшна!

Да виса кхетаман дела1,

Тоац хьо оьшучу дайшна!

 

 

*   *   *

 

«Дагавог1ий хьуна,

хьайн да, я ден да?» -

Бохуш цхьа хаттар ду

Соьцуш сан кет1ахь.

Ас тергал ца динарг

ду иза х1етахь,       

Са акха хиллачу

жималлин хенахь.

Со х1инца къера ву    

Цу хаттаран марахь,

Со х1инца реза ву

        Цу хаттарна вала.    

 

 

*       *       *

 

Дахарехь къизалло

Со мара воьлча,

Гергарчийн гергарло

Цхьа к1езга хиэта.

Сайн цхьаллехь халонийн

Ницкъал суо гоьлча,

Декъаза гергало,

Хьоьха къахета.

 

 

*      *      *

 

Даймехкан ирс ду-кха

Ц1а доьрзуш вайн,

Беркатна не1араш

Д1аелла шайн.

Ала аш: «Ирс марша

Дог1ийла, х1ай!»,

Ала аш: «Ирс маьрша

Дехийла вай!»

Ирсана ца делха

Оьшуш бу барт,

Бартана ца иэг1а

Оьшуш ду бакъ.

 

 

Далнаев 1елега.

 

К1адвелла,

Мал ца луш,

Масла1ат хилий,

Боьхначу бартана

Вацалахь хьо!

Къарвелла,

Лар йоцуш,

Къам доцчу мехкан,

Сий лоьхуш, ма виса

Къонаха хьо!

 

Декхархошка

 

Декхархой!

    Мискаллин

Шуи аьтто бойла,

Напханна лоьхуш  

Шайн цхьаллин кхача.

Илли-м ду поэтан

Ши т1ам а бойна,

Ницкъ хилла, Гуьллуш,

Халкъе д1акхача.

 

Дехархой!

     Писалла

Шуи теша йойла,

Шуи аьшпийн мискалло,

Шайн декхарх довла.

 

Дезархой!

Къизалла

Шуи эшайойла

Куьцанан кисано,

Сан декхарх довлалц.

 

Поэтан илли ду

Халкъана декхар,

Поэтан илли-м ду

Халкъана декар.

     

Хьан боху сан вац и Дела,

Хьан боху я вац со эла.

Къиношлахь ца веха дела,

Со хир ву цу везчу Делан.

 

Декхархой!

Шуи аьтту бойла,

Шайн къинойх,

Сан декхарх довла.       

             

07.02.2004.

 

Ден,

        ненан

                тешаш

 

Биъ пен бу вовшашка хьоьжуш,

Тийналла йоьллина юккъе,

Со ву цу тийналлехь соьцуш,

Сингаттам т1е хилла юххе.

Кху чохь цкъа хьалха ирс даьхна,

Нанас со берахь вакхийна,

Цу ирсо, хьоьстуш, со ваьхна,

Ден, ненан бартаца ийна.

Беа а к1ажахь ирс лиэпаш,

Селхана дийлина пенаш...

Тахана г1айг1ане диена,     

Шайха д1а сингаттам ийна. 

  

Юх-юха тийналла лоьцуш,

Пенашна юккъехь со соьцу,

Ткъа цара сан лерса лоьцуш,

Ден, ненан хьехамаш оьхьу.

Дайначу ирсан к!айн пенаш,

Веха со шу безам хеташ.

Шу ду сан ден, ненан тешаш,

Шу ду сан теш хила дезарш.

 

11.08.2003.

 

*     *     *

 

«Дикачу нехан ирс ду со» аса бахарх,

Цу вочу нехан йийсарехь со деха.

Х1ай дика нах!

Лардейша со вочу нахах.

Со хьега ма дайша

Барт болчу дахарх.

 

 

Дохко ялалахь

 

(эшар)    

 

 

Д1о ц1ийбелла
Бузучу малхора...
Дуьне цкъа дезнера,

    Амма къахьделира.
Д1о стиглара       

    Лиэпачу батгора,

Суна хьо езнера –

Хено хьо шелйира.

    Хьо дохко ялалахь,

    Со оьшу алалахь.

Мохь беттачу

    Соьга схьа ца хьожуш,

Йоьду хьо иэг1арехь

    Дог къиза кхиьначух.
Мох хьаькхначу 

    Йочанна а йоьлуш,

Вуьтуш со иэшамехь

    Де эшна висанчух.

Хьо юха ерзалахь,

Хьо оьшу, тешалахь.

Д1о ц1ийбелла бузучу малхора,

Д1о стиглара лиэпачу баттора

Суна хьо езнера,

Хено хьо шелйира.

    Хьо дохко ялахьа,

    Со оьшу алахьа.        

 

10.09.2003.

 

 

*  *   *

 

Дуьненан доккхаллехь
Цхьаъ хир ду доза...
Стигланан кьайленехь
Язлуш ду йоза.

 

 

Хоси-юьртарчу Хож-Ахьмад-хьаьжина

 

*   *   *

Эхартан денош,

Герга а хьийзаш,

Важап дан дицделла

Зуламан шуьнехь...

Кхинаш ду синош,  

Ийна шайх къинош,        

Со х1унда нисвелла             

Хьан уьйт1а, Дуьне?

 

1998 шо

 

1арлойларчу Маг1арби-хьаьжина

 

*   *   *

 

Ас 1амал сайн кханене

Кхийдаеш хьалххе,   

Бусалба дог къуьйлу,

Ял сайна кхиош.   

Дуьненах ялсамане             

Ялур яц цхьанне,

Бахам сов мел буьйлу -  

Сов дуьйлу къинош.

 

1998 шо

 

 

*   *   *

 

Г1иллакхаш дезачуьнца –

Г1иллакхаш ду сан,

Гергарло дезачуьнца -Гергарло ду сан.

Адмалла езачуьнца –

Адмаллаю сан.

Уьш цхьа ца дезачуьнна —

Берзо букъ а хир бу сан.

 

 

*   *   *

 

Г1иллакхаш лело –

Доьналла деза,

Доьналла лело –

Къонаха веза,

Г1иллакхаш лело-м  

Г1иллакхаш деза.

 

 

*   *   *

 

Жимчу б1аьрго доккха

    Дуьне лоьцуш,

Жимчу дагах

    Даккхий къинош хьерчаш,

Дуьненан баьрччехь

    Суо баьчча хеташ

Яьккхина хан - къинойн мохь

    Сайн хета.   

 

 

Хьаг1 йолчуьнга

 

Хьаг1, хьо карзах яьлла,

1анне а ца 1ийна,

Цкъа яхье ялахь,

Меллаша д1ахилий,

Нацкъара а ялий,

Т1епаза ялахь.

 

 

*  *  *

 

Хала ду хьаьрчинчу уьйрех

                                        цкъа къаста,

Цулла а хала ду тешнабехк хьаста.

Хала ду бакъонаш уьйрашца къовса,

Цулла а хала ду уьйрийн хьаг1 1овша.

 

 

*  *  *

 

Азизован Т.

 

Хьан пхийтта шо ду -    

        и хаза хан ю,

Стиглара седарчий

Дерриге хьан ду.       

Сайнашша-м тоххарехь

Даьгна д1адевла,

Пхийтта шо хьалха.

Сан пхийтта шо делла.

 

 

Хьиэсапаш

 

Сан дукха хилла

Безамаш,

Сан дукха хилла

Хьегамаш.

Сан дукха хилча

Тешамаш,

Сан дукха хилла

    Эшамаш.

Ас ца лехьийна

Ч1е1амаш,

Я ца лехна ас

Бекхамаш.

   Сан дукха хилла

    1еткъамаш,     

   Ца бина валлал

    Леткъамаш.

Сан дукха хилла    

Лехамаш, 

Сан генахилча

Хьежамаш.

Сан дукха хилла

Хьехамаш, 

Ас дукха лайна                

    Г1елонаш.

Ас дукха йина

    Ойланаш,

Сан дукха хилла      

   Г1айг1анаш.

Ас бай таш кхоллал

     Эзарнаш,

Ма дукха дина

   Хьиэсапаш.

Со лешшехь лийр бу хьегамаш,

Сан ойланийн и хьиэкъамаш.

 

12.12.2003.

 

 

*  *  *

 

Хиларх и куьцана

Пенаца кхозуш,

Шарахь цкъа деса герз

Хуьлу бах долуш.

Адамаш, ма лолаш

Терзана маршо,

Тоьур ю, йийриг чов

Къизачу матто.

 

 

*       *       *

 

Хьо вагор ву, чахчавеш,    

Ахь ган сатийсинчу малхо,

Хьо иэшор ву, къар а веш,

Эхартал ца тоьлча харцо.

 

1амахьа хьо...

(эшар)

 

Хьан б1аьргаш делал,     

Ирс делахь со,              

Ирсана вела     

Кийча ву со.                           
Хьо соьха хьеггал,
Куц делахь со,
Кхин куц ца леххал,
Хьоьца ву со.

Т1ахьара алар:

Ахь луьйш мотт ца бийццал -
Мотт хир бу соьхь,
Ас г1иллакх ца дийццал -
Г1илкх делахь хьоьхь.
Суна хьо езийта    
Ницкъ бац-кха цхьа,

Хьо су на еззал                 
Хир яцахь цкъа.

               

Ирc дохьуш улло     

Хьаьвзича со,

Ирсана ела 
1амахьа хьо.                           
Хьо, езаш, яъал,          
Ницкъ хилча соьхь,
Везаш, ца 1аббал,       
Гайтахьа хьо.    

 

 

Оьзда а, г1иллакхе а

йолучу сан белхалочунна

Шахтиева Заремина

 

Йинчу денца

 

Хьан тахна ткъе кхоъ шо кхаьчна,

Ахь дахар к1езга ду зийнарг.

Цундела къоналлехь аьхна,

Еха хьо, зезагех ийна.

Стела1ад хоьттина хир ду,

Дуьнент1е хьо йолуш аьхка.

Хьо Деле ехнарг а хир ву

Декъала хиллачех ваьхнарг.

Малхаца хьо тайна йоьдуш,

Баттаца иэг1ар ма хьолахь.

Замано ирс хьайна оьхьуш,

Адамийн дикалла гуолахь.

Г1ойтарчу Рамзанан илли

Беркате мукъамехь хезна...

Хьан оьзда къоначу шерийн

Дахар а хуьлда заз хецна.

 

19.06.2003.

 

 

*      *     *

 

Ирc лехахь, барт боцуш,

Да вуьсу к1ант воцуш.

Барт бохахь - ирс доцуш,

К1ант воьлху – к1адвелла,

Мал цалуш,           

Масла1ат хилий,

Боьхначу бартана

Вацалахь хьо.

Къарвелла,

Лар йоцуш,

Къам доцчу мехкан,

Сий лоьхуш, ма виса

Къонаха хьо, да воцуш.

 

20.01.2004.

 

 

К1анте

 

«... Сосана а, цхьа висий, буьйсанаш йоьлхуш

Хьо цхьаъ ган хьажалахь, сан иллеш доьшуш -

Мел къона вара со - хьуна да оьшуш:

Мел жима варахьо – аснакъост лоьхуш». 

 

Абдулаев Леча

 

    Ма к1езга ас х1иттийна

    Сайн дена г1ант,

    Ас к1езга ч1аьг1на           

    Дена т1аьхьара г1ап.        

    Мел жима вара со-

    Сайн дех ца кхеттал,

    Мел воккха хилла со-

    Сайн дех къахеттал.

 

    Хьуо жима велахь а,   

    Ешалахь, к1ант,  

    Шен «К1анте» язйина

    Илланчин байт.


Замано мехашна дуьхьала хьош, 

Да волчу к1антана ца эшна дош.

Ша цхьалха висахь цкъа йочано хьош, -

Лоьхур ду к1анта-м дас мел аьлла дош.

   

06.01.2004.

 

 

*   *   *

 

Къежлуш ю месаш,   
1ебаш ду шераш.    
Юадделла б1аьргаш,
Юаргъеш шайн хьаьркаш.
Къорлур ду лергаш,
Пеллур ду мехаш.
Юадлур бу когаш,
Язълур ю голаш,
Къанлур ю къоналла,
1абаеш къаналла.

 

26.01.2004.

 

 

Къиза къинош

 

Ма кура хилла вайи синош,

Цу къинойн балех ца довллал.

Ма къиза хилла вайн къинош,

Синойх дог лозуш ца хьовззал.

Ма кура хилла вай,

Ма кура хилла.

Кура а хилла,

Къинош вайн кхиъал.

 

Ма сонта хилла вай,

Ма сонта хилла.

Сонталлех ца довллал,

Куралла къиъна.

 

Вай кура девлча,-

Вайн къинош кхиъна.

Вай сонта девлча,

Вай кура девлла.

 

Ма къиза кхиъна вай,

Ма къиза къиъна.

Кьизаллехь беллачийн,

Къа хьарччал вайха.

Ма сиха хилла вай,

Ма сиха хилла.

Кхане а ца ларлуш,

Дош аллал дайха.   

 

 

*  *  *

 

Ко1анашна хьарам йо ас

Ц1е яккха сайн –

Къонахчуьнга ца алийта

Сии доьжна вай.

 

 

*   *   *   

   

Къонаха, лаарна

туьллуш яц ц1е,

Къонахчо-м, леш, лардо  

доьналлин де.    

 

 

 

* * *

 

Къонахий лийр болу

Орца а аьлла,

Къонахийн сии ойбу

Орцан йиш хаьлла.   

 

 

Къосуман

Шихмирзин

илли

(1887-1977)    

 

Гурманча, cих ма ло
говраш лахка.

(оьрсийн эшарх таръеш)

 

Сих ма ло, к1ант, говраш лахка,

Парг1ат яха йитахь пайтон,

Кху юьртахь цкъа мацах хьалха

Езна йо1 ю, - хьоьху даго.

    Гур ярий те и цкъа суна,

    Вевзар варий те со цуына?

Юхаозае, к1ант, архаш,

Помат нисъеш, яйахьа хан,

Хаац х1унда дицлац б1аьргаш

Къоначу шерийн ирсан г1ан.

    Гур ярий те и цкъа суна,

    Вевзар варий те со цунна?

Х1етахь эла со ма вара,

И сан деган эла яра,

Хено гена баккхарх безам,

Сих д1акъастац дагалецам.

    Гур ярий те и цкъа суна,

    Вевзар варий те со цунна?

Кхузахь расха дин а сецош,

Батто бергийн ленаш лиэпош,

Суна езнарг йоьхуш ара,

Сан дин-накъост терсаш 1apa.

    Гур ярий те и цкъа суна,

    Вевзар варий те со цунна?

Хир ю х1инца и къежъелла,

Со а х1инца къан ма велла.

Ца гуш валахь рег1ал дехьа,

Сан са дуьсур ду кху сехьа.

    Гур ярий те и цкъа суна,

    Вевзар варий те со цунна?

Сацаехьа, к1ант, ахь говраш,

Малделлий те аьрхийн къовларш?!

 

 

Курачу йо1е...

 

Со кура ву,

Хьан вочу амална

Уллохь ца сеццал,

Кура ву со.

 

Со кура ву,

Хьан сонта иолу

Куралла ца эшшал,

Кура ву со.

 

Со кура ву,

Суо сайна мила ву а хууш,

Кура ву со.

 

Хьо кура ю,

Куралла х1ун ю а ца хууш,

Кура ю хьо.

 

Ас холхаз куй

    Дедениг ларбина сайн,

Ахь кортали

    Дененан дожийна хьайн.

 

Вайнехан г1иллакха и

Дехаш ма ду;   

Вайшинан кураллийн  

Башхалла ю.

 

Хьан кура хилар -

Сонталлаю.

Сан оьзда хилар -        

Куралла ю.  

        

Хьо сонта ю,

Со кура ву.          

Вайшинан захало

Ца хила ду.

 

2003.

 

 

*   *   *    

 

Лазайо аьлха
Яайо аьлха.
Урс ирда т1ехьоькхуш
Йина ю аьлха.    
Хьийзабеш хье сан,
Лазабеш хье сан.     
Ойла т1е йоьлху           
Со мила ву аьлла?

 

 

*   *   *

 

Ma некъаш дара ас

Нана йолчу динарш...

Ма некъаш дац-кха ас

Нана йоцчу дийраш.

 

 

*  *  *

 

Малх г1оттуш,

1уьйренан Бераллех хьоьгуш,    

Г1ушлаккхе баьллачу

Малха к1ел соьцу со.

Малх бузуш, суьйрено   

Къаналле оьхьуш

Чекхъер юй хуучу       

Оьмарх ца кхоьру со.

 

 

*       *       *

 

Малх а бохьуш б1аьсте йог1у,

Дикчу дагчохь таса заз.

Вон дог долчух хьарча йог1у

Шийла чилла, ша луш яз.

 

 

*  *  *

 

Массарна а йог1у халонаш,

Массарна а х1уьтту хаттарш.

Паччахьна а йог1у халонаш,

Паччахьийн а хуьлу баларш.

 

 

*     *     *

 

Нагахь хьо цхьанна

Дотгаг1а хеттехь,

Диц ма де, иза

Хьан жоьпалла ду.

   Амма ахь хьайна

   Доттаг1 ца лехнехь,

   Хаалахь, иза хьан

Ледарло ю.

 

 

Нанна сахьийзар

 

Сайн нанна Кхокхина, сийна

(1919-17.01.2004)

 

Ваьл-ваьллачохь - ненан лараш,

Дуьхьалх1уьггу цуьнан сарташ.

Сец-сецначохь - ненан хьастарш,

Хазчу меттан, аьхна аларш.

Х1оьт-х1оьттинчохь - ненан хаттар,

Диснарг - юккъе доьлла къастар.

Хиъ-хиъначохь - ненах хьегар,

Ваьл-ваьллачохь - нана иэшар.

Вах-вахначохь ц1а сахьийзар,

Ща веъча, чохь синан тийжар.

Хьаьж-хьаьжначохь - нана яцар,

Ваьл-ваьллачохь - ненан ялар.

Сан набаран г1енийн уьйт1а

Йог1у нана, дохьуш туьйра.

Довха, аьхна, ховха куьйгаш,

Коьртах хьоькху самах санна.

Дийнахь къайлехь, б1аьргаш чуьра,

Дуьйлуш 1ена, б1аьрхиш дуьра.

Сих ца къаьста кийрахь дуьйна   

Марзо хилла ненан уьйра.

Къастаран къахь дагчохь къуьйлуш,

Сахьийзаран б1аьрхиш дуьйлу.

Ойла йоьлху, карзах юьйлуш,        

Назма йоьлху, нанна туьйжуш.      

 

04.02.04.

 

 

*   *   *

 

Нанас, дов деш, тоьхна т1apa
Соьца диси - дато хилла.
Тоханза цо дисна т1ара     
Ду со хьоьгург - дашо хилла.

 

 

Ненах къаста дезар

 

Стигал х1унда лелхаш хета,

Нана йоккху те цо шеха.

Бохуш карзах дуьйлуш хилча –

Дог ас муха хьаста деза?

Нанас синна са а делла,

Маттана урх шуьйра елла,

Ненах къаста дезий хиъча —

Ас са муха тедан деза?

Ден букъера, ненан кийрахь,

Кхуьуш, ийна ш.нан сица,

Къаьсташ елха йисахь тийжа –

Ойла муха теян еза?

Берахь дуьйна марзо кхиъна

Ненах къаста дезий хиъча

Сеца ца луш б1аьрхиш дийлахь

Ас уьш хьанах лач1къо деза?


Куьг а лаьцна воккхуш кет1а,

Шена санна б1аьра хьежа,  

Махкана со ваца велча –

Ненан моццал сии дан деза?

Сица доцу дахар гина,
Ненан мотт ас бицбийр бац сайн.

Дуьне вайна совг1ат дина –

Наной-м бицбан бакъо яц вайн.

 

10.01.2004.

 

 

*   *   *

 

Ненан мотт,

Хьо бека бисалахь

Тахконза дисинчу аганна;

Ненан мотт,

Хьо хезчохь бисалахь

Нана мел езачу беранна.

Нохчийн мотт,

Хьо бийца бисалахь

Ненан мотт мел безачунна;

Нохчийн мотт,

Хьо баха бисатахь,

Нохчийн къам мел деха цуьнца.

 

07.01.2004.

 

 

Даймохка битина, кхечу мехкашка д1аихначарна лерина

Ненан маттах...

 

«Ненан могг», - язло сан ц1ийца,
Ненан мотт бека сан сица,
Сан бакъо ю иза бийца,
Сан бакъо ю цунах дийца.
Амма яц бакъо и хийца!   

Маг1олаш,  
Ма хьолаш,

Ненан мотт шайца,   
И бийца йиш йоцуш,
Боврболчу метте!
Ма г1олаш,     

Ма хьолаш
Ненан мотт шайца,
И бийца стаг воцуш,
Лийрболчу метте!

 

 

Нене

(назма)

Ахь кхоьллинарг бен вацарий со-м,

Ахь вакхийнарг бен вацарий со-м,

Ахь техкийнарг бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

Ахь догделларг бен вацарий со-м,

Ахь саделларг бен вацарий со-м,

Хьуна велххал бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

Хьо сайна еззал бен вацарий со-м,

Хьо Деле еххал бен вацарий со-м,

Хьо елча, валлал бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

Хьоьга къа деххал бен вацарий со-м,

Къина ирс деххал бен вацарий со-м,

Хьоьца ирс деккъал бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

Ахь синна саделларг бен вацарий со-м,

Хьан б1аьра хьежжал бен вацарий со-м,

Хьан оьмар яхъян к1ант вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

Ахь декъал винарг бен вацарий со-м,

Ахь синна урх елларг бен вацарий со-м,

Хьоьга кхайккхал бен вацарий со-м,

Хьо елча, денъян к1ант вацарий со-м.

1уьйренан ирс къаьсти-кха сох,

Суьйренан ирс къаьсти-кха сох,

Г1айг1а, буьйса хьаьрчи-кха сох,

Хьо денъян ницкъ ца хили соьхь.

 

17.01.2004. 

 

 

*       *       *

 

Новкъа хуьлу, 

Дог1а санна, 

Харцо 1енош       

Болучара-            

Нийсо хьехаеш.                    

Новкъа хуьлу,   

Терза санна,      

Нийсо езаш  

Болучара-

Харцо лелаеш.   

 

 

*       *       *

 

Ойланийн дахирехь,

Сох хилла эла,

Мел веха эхартан

Лай хилла дела.

 

 

*   *   *    

   

Паччахьо лехна,

    Паччахьех яздина

        Хьекъале дерг.

Ткъа цунна-м эшна,

    Аланза дисина

        Хуьлдина дерг.

 

Поэт велча...

 

Поэт, хьо велча, со вилхира цкъа,

Сайн ненан маттана х1оттийыа ха,

Хьо велча, 1аламе дуьйг1ира ла,

Хьо велча, маттах сайн хийтира къа.

 

Хьо велча, со санна, билхира нах,     

Билхира бузушшехь ц1ийбелла малх.

Ша аьхна бийцинчу доттаг1чух къаьсташ,

Билхира ненан мотт, хьан хадош мах.

 

Ц1аьххьана мохк мел бу хьаькхира мох,

Билхира ахь, сийдеш, хестийна мохк,

1аламо а доьлхуш, къаьсташ ша хьох,

Марчонах тарйина доссийра дохк.   

 

Делха ма дуьйлира илланчийн иллеш,

Хорамехь дегнийн синчаккхе кхаччал.

Дерриге халкъаца, къонах, хьан сии деш,

Даймехкан баьрччехь г1еттира Баьчча.

 

Сийлахь ю, поэт, хьан говзаллин таж...

Хьо юха ден а веш, зама ло къаж.

Хьан валар ду махкахь хьо шолг1а вар,

Ненан мотт бехар бу сийдарца хьан.

 

22.12.2003.

 

 

*       *       *

 

Са - чолакх х1инца,

Са - сакхат х!инца;

Со ву лазийна,

Заь1апхо х1инца.

Чов ерззалц х1инца...

Сан б1аьргийн хишца,

Иэделла ц1ийца

Тезет ду сица.

Чов ерзац х1инца.  

Тезет ду сица,

Синк1оргехь дисна –

Синлазам хилла.

 

 

*       *       *

 

Сайн лааме хьаьжча,

Со к1еззиг воьлу.

Цалаамехь ваьхча -

Со дукха воьлху.

Маржа-я1, хьан, лаам,

Маржа-я1, далаам,

Кхоллалахь, шу шиннан барто-м

Вара со цкъа вела-м къажор.

 

 

«Сан жайна»

(илли)

Сайн ц1ахь а волушшехь

Ц1ахь вац-кха со,

Са гуш а волушшехь -

Б1арзе ву со,

Дийна а волушшехь —

Велла ву со,

Хилахьа со денван,

Йо1, жайна хьо.

Сан б1аьрса а хилий, яхахьа хьо,

Сайн кхерча ц1а верзо хилахьа хьо,

Сан доьхна дог хьаста елахьа хьо,

Сан синтем а хилий, сан Жайна хьо.

Стигал а т1ехула хаа ца ло.

Седанах хьо таръян седа ца го,

Сан синан лор хилча, дарба ца луш,

Ца лаьа ваха хьо шелъелла гуш.

Ас т1омахь г1енаха лехнарг ю хьо,

Батта т1ехь соьца цкъа хилларг ю хьо,

Леш, денлуш, къизаллехь ца вита со...

Самаха ирсан г1ан хилахьа хьо.

Махкана вацийта яхахьа хьо,

Махкана дика дан вахийта со,

Велча а, вахийта йисахьа хьо,

Сан Жайна а хилий, ларвехьа со.

 

 

*     *     *

 

Сан г1аддайнехь -

Со д1аволла.

Вайн мотт байнехь -

    Къам д1адолла.

 

 

*  *  *

 

Сан назманаш,

Сан лазамаш,

Сан г1айг1анаш,

Сан баланаш,

Сайн цхьаллехь гийна

Суо сайца висча,

Ас йина хийла

Ойланаш хилла.

 

 

*  *   *

 

Сан тайпа -

Доккха тайпа ду,

Сан тайпа -

Дика тайпа ду.

Сан тайпанан мотт -

Нохчийн мотт бу,

Сан тайпана дерг -

    Нохчийн къам ду.

 

13.01.2004.

 

 

*   *   *

 

Сих санна, хала ду

Безамах вала,

Иза цхьа бахъна ду,

Цунах дош ала.

 

 

*  *  *

 

Со д1аг1ур ву, 1ехавелла,   
    1ехавина         
    цаалийта,           
Хьоьга ала цхьа дош долуш,
Аланза дерг дашо долуш.  
    Со д1аг1ур ву,

    1ехавелла         

1ехавина ца алийта.

 

 

Со жима хилла

 

Со жима хилла,   

Кхеташ ца хилла

Сонтачун бешахь

Тешамаш лехьо.

Со жима хилла,

Оьшуш ца хилла

Г1илкх доцчу нахаца

Г1иллакхаш лело.

 

Со жима хилла,

Ца оьшуш хилла

Хьаг1 йолчу нахаца

Къамеле вийла.

Со жима хилла,

Лууш а хилла

Къонахий буьлучу      

Пхьоьхане виила.

 

Со жима хилла,

Эрна ца хилла

Оьздачу нахаца

Лелийна г1иллакх.

Со жима хилла,

Тешаш ца хилла –

Тешнабехк, ямартло

Тешначохь хилла.

 

Ца оьшуш хилла,   

Со х1инца теша,

Ирсах сайн тилла

Хьаг1 йолчохь сеца;

Со жима хилла,

Со х1инца кхета,

Куралла, х1илла

Со воцчохь хьекъа.

 

Со жима хилла,

Дохко ца ваьлла,

Дуккхачу адамийн      

Дагчу со ваьлла.

Со жима хилла,

Девзаш ца хилла

Адамехь кхиъна

Х1илланийн г1иллакх.

03.01.2004.

 

 

*     *     *

 

Со мелла ган лиънарг -

Ма вехна хилла,

Со телхаш ган лиънарг -

Ма 1овдал хилла.   

Со воьлхуш ган лиънарг -

Мел къиза хилла,

Со вала лиънарг -

Ма велла хилла.

Со гуш ца везнарг -

Хьо б1арзе хила,

Со вала лиънарг -

Хьо, лей, д1авала.

 

 

*  *  *

 

Соьга-м «куо1анаш

Ма алахь», - олу, 

«К1иллой алахьа», -

Церан ц1е ер ю.    

К1иллой ца хилча,

Куо1анаш хир ярий?

Аса-м юха а:    

«Куо1анаш эр», - ду.

Сайт создан в системе uCoz