Касумов
Сайдмохьмад
Турпала са
стихаш
Касумов
Сайдмохьмад
Ле бакхий, бийца машаран мотт.
Сан салам д1аэца…
Касумов Сайдмохьмад масех гуларан автор ву. Цхьа гулар оьрсийн маттахь ара а яьлла цуьнан. Шен кхоллараллехь иза таханлерачу чолхечу хьолан дуьхе кхиа г1ерта, цуьнан бахьанаш лаха, хиндолчун юьхь ирсе ган. Цо ша ма боху шен гулар д1айолош хьалхарчу цхьана биъмог1анехь:
Сох поэт ца вина
Ирсечу кхолламо.
Сох поэт вина –
Сан халкъан лазамо.
Тахана долуш ду–кх, халахеташ делахь, дог лаза дуккха а: т1ом, байинарш, доьза байнарш, байлахь биснарш, дохийна дахаран хьелаш, дикане сатийсарца кханене хьежар. Ийг1ина адамийн амалш, сийлахьниг, дезаниг, хьурматениг дац цхьа х1окху сохьта тоьлларг. Харцоно шен хелхаран бохь боьг1у Нохчийчохь:
Цхьаммо топ карахь
Адамийн 1енадо ц1ий,
Вукхо –дош багахь –
Адмаллийн лехьадо сий.
Поэт ванне а реза вац герз карахь зуламна арабевллачарна. Амма иза (герзан зулам) таханалера бакъдерг ду. Ткъа и сацалург еккъа цхьа адмалла бен яц бохучу маь1нехь кхета вай лакхахь далийначу Сайдмохьмадан дешнех:
Топ кара эцнехь –
Къизалла ю,
И карахь яьллехь –
Шозза къа ду!
Кара ца эца къизаллин топ,
Ле боккхуш, бийца машаран мотт.
Ненан васт Касумов Сайдмохьмадан стихотворенешкахь коьрта тема хилла д1ах1оьттина. Цуьнан муьлхха а гулар схьаэцча, нанна лерина мог1анаш доцуш яц царех цхьа а. Цо говза гойту тайп –тайпана васташкахь нене болу безам, цуьнга лерам. Иза цхаъ ю турпалхочун сийлалла:
Пенаца кхозуш ю сан ненан коч,
Шамара* дахначохь ду ши а пхьош.
Цо иза лелийна дахаран хьерахь,
Доьзална ирсана ецачу хенахь.
Хьоме ю тахана сайн ненан коч,
Бисинарг –синтемна беккъа цхьа безам,
Белшаш т1ехь и мацах айбина хьош,
Б1арзделла дилхинчу сан синан лехам.
Касумов Сайдмохьмада ма–аллара, «шозза хьоме хуьлу нана», нагахь шен «к1анта олуш хезча «баба».
Нана, ненан мотт, нана–Даймохк, нана–Нохчийчоь–уьш дерриге а ду–кх цуьнан стихотворенийн лирически турпалхочунна уггаре а хьурмате дерг:
Бераллин урамаш, сахьийзо дисинарш,
Ирс лоьхуш геналле идийна некъаш,
Ненан мотт, назманаш-сан сица тийжинарш,
Диссича эсалле, Даймохк, хьо беза.
Амма и турпалхо кхеташ ву, хьен–хьеннан а бакъо ца хиларх ша шен мехкан к1ант ву ала, шен меттан а, къоман а ц1арах къамелаш дан:
Хьан бакъо ю, Даймохк,
Со хьан ву ала,
Нагахь со хьайна
Ямарт ца хиллехь.
Халкъан а ю бакъо,
Со шен ву ала,
Къомах со хераваьлла
Ца 1ийнехь.
Меттан а ю бакъо
Сох лаьцна дийца,
Машаре бекаш,
Бийцина хиллехь.
Т1аккха ю сан бакъо
Цкъа ваха курра,
Т1аккха ю сан бакъо
Вала а курра!
Касумов Сайдмохьмадан лирика дикалле, къинхетамалле кхевдинчу стеган ойланаш ю, нехан кхиэле ехкина кехат т1ехь охьаязйина. Автор ца кхоьру шен ойла ма–ярра схьаяста, дукха хьолахь цу т1ехь ницкъ а кхочу цуьнан. Масала:
Дикане дика доьду вай,
Вуоне вуон доьду вай.
Ешархо шеца къовсаме воккхуш волу меттигаш а нисло Касумовн лирикехь, амма цхьадолу кхачамбацарш ца дийцича а, гуш ду къоначу поэтан синлехамаш, дахаре хьежар, иза адамийн хьашташна ваца кийча хилар:
Илланча хуьлуш вац дог карзахдаларх,
Ирсаца т1ома и стигла валарх.
Шен къоман кхолламна
Мохь-орца дацахь,
Адамийн дог оьцуш,
Аз далхо вацахь.
Иштта ю–кх х1окху рог1ерачу шен гуларехь Касумов Сайдмохьмада шен ешархошна хьалхаюьллуш йолу стихотворенийн гулар. Церан мах хадо а, царех дош ала а декхар ву х1ара гулар ешнарг, диканиг билгал а доккхуш, ледара нисъелла аг1онаш а къастош.
Аса йоза дерзадо Сайдмохьмадан х1ара мог1анаш а далош:
Дуьнент1ехь дуккха а
Ас некъаш дусту,
Амма сан даланза
Цхьа салам дуьсу.
Хир ду и хьоьга, хьо
Къонаха кхиахь,
Сан салам д1аэца
Ненан мотт бисахь.
Дала т1аьхье беркате йойла х1окху гуларан! Кхиамаш хуьлда-кх Касумов Сайдмохьмадан кхоллараллин новкъахь!
Бурчаев Хьалим
публицист, критик
* * *
Сох поэт ца вина
Ирсечу кхолламо.
Сох поэт вина –
Сан халкъан лазамо.
* * *
Маршо ца леххал
Маьрша ву со
Ойланехь г1айг1ане
Стенна ву со?
Йийсарехь вехаш,
Тутмакх вац со.
Са дац -кха маьрша…
Х1ун лоьху цо?
* * *
Къонах хилла лелларг
1ийр вац са ца делча,
Турпал хилла кхелхарг –
Лийр вац са д1аделча.
Кадыров Ахьмад –Хьаьжина сийнна лерина илли.
Турпала са
(Илли)
И х1аваэ даьккхина,
Дег1ан чалх ю хьарчийнарг.
Велла вуйла а хууш,
Белхарш лоьцу синоша.
Стигла хьала дели са,
Вайна ган йиш йоцуш цкъа.
Делан лаам бахьанехь,
Са ду кхерсташ х1аваэхь…
Лаьттахь –тезет… г1айг1анехь.
Даймахка, ц1а дуссу са,
Данза дисна дика дан,
Шеца орца далош ц1а.
Мехкан лазам 1ийшинарг,
Бакъо, нийсо къийсинарг,
Турпал са ду сий хилларг.
Каш ду лаьтташ барзахь ша,
Чурт а доьг1на б1арлаг1на
Сийлахь хилларг халкъанна.
Къонахчуьнан йиснарг ц1е,
Дагалецам туьллуш кхе.
Хьан синан мерзаш
(Айдамиров Абузаран сийнна)
Зуламо харцонан орам
Даймахкахь кест-кеста хоьцуш,
Сан къоман ирс дайна кхоллам
Бакъоне кхачо некъ лоьхуш,
Ахь «Еха буьйсанаш» зийна,
«Лаьмнашкахь ткъес» детташ хийла,
Наб йоцуш «Дарц» лайна шийла,
Д1адаккха зулам вайх ийна.
Баркалла хьо винчу нанна,
Беркате еанчу ханна,
Ца воккхуш доьналлех гал а,
Къинхетам хьох бинчу Далла.
Эшаеш Даймахкахь чилла,
Ненан мотт ларбеш, сий айа,
Хьан синан мерзаш а хилла
Кхуьийла йозанан дай а.
* * *
Адамийн 1енадо ц1ий,
Вукхо –дош багахь –
Адмаллин лехьадо сий.
синхаам
Веларца сан мараоьккхуш,
Эсала соь хьал-де хоьттуш,
Хетара са шеца доцуш,
Къоначу к1ентан дог догуш.
Сихаллехь сихвала санна,
Хьевалар кхин соьца доцуш…
1аламехь, йоццачу ханна,
Б1аьргаш а дара шен догуш.
Ядийна воьдуш сан шеко,
Мукъа аз, мукъаза декош…
Бузучу малхаца сарахь
И вайра маьрк1ажан марахь.
Шеконо щеконе вохуш,
К1ант юха гаре дог дохуш,
1ат1къамо синхаам лийчош,
Со 1ийра буьйсано тийжош.
Йочано йоькханца къуьйсуш,
1аьржа къиг х1аваэхь хьийзаш,
1уьйранна синхаъмо соьга,
Хазийра к1ант валарх доьзна.
Дедена, денанна х1инца
К1ентан к1ант цхьа безам бисна.
Б1аьрхиш а 1енош, сахьийзаш,
Буьйсанаш елхайо тийна.
Цу к1ентан к1антана-м хаац,
Къоначу дех хилларг тахна.
Наг-наггахь цо олу: «дада»;
Наг-наггахь и воьлу нанна.
Да воьжна хеназа 1илла,
Уьйраш шех къаьстина йисна.
1ожалла –дахаран къайле –
Тешначохь цо-м вуьгу, айбий.
24.04.2004
Къонахийн
цIераштIехь...
Маржа-яI,
Кхоам шун-
Байначу кхолламийн.
Гуш йоцчу нийсонехь
Хеназа белла!
Шун сийнна боьгIначу,
Тийначу хIолламийн
Яххьаш тIехь го: шуьца
Шун ирс а делла.
Шун сина билхинчу
Нанойн а, мехкарийн
БIаьрхишма хIинца а
Дакъа ца делла.
Шун сийнна, таIIош,
Мел хьаькхначу къоламийн,
Лар хилла юьсуш го,
Йоза язделла.
Маржа-яI,
Кхоам шун
Байначу кхолламийн,
Къонахийн цIераш тIехь
ЦIе йисна къонахий!
12.01.2004
* * *
Биънарг кхача,
Йолуш санна,
Токхе хилла
Синна кхача.
Ненан коч
Пенаца кхозуш ю сан ненан коч,
Шамара* дахначохь ду ши а пхьош.
Цо иза лелийна дахаран хьерахь,
Доьзална ирсана ецачу хенахь.
Хьоме ю тахана сан ненан коч,
Бисинарг –синтемна беккъа цхьа безам,
Белшаш т1ехь и мацах айбина хьош,
Б1арзделла дилхинчу сан синан лехам.
Х1инца сан ирс ду-кха сайн ненан коч,
Карийнарг сайн ненан цу т1орказ чохь.
И дешел а дашо ю со вехачохь,
Кхин бахам хирбоцуш син кхерчачохь**.
Шамара* –ч1ич1къаша, хебаршка.
Кхерчачохь** – диалектизм кхерчахь
Шозза хьоме хуьлу нана
Цо, ша хьестар, диц а ца луш.
И-м чуяло сайн кет1ара,
Дийна яц-кха т1екхачалуш…
Иза -м воьлху,
Иза -м ч1е1а,
Цунна-м оьшу шен денана.
Кийрахь доьлхуш,
Пехах те1аш,
Сайниг дог ду езаш нана.
К1анта олуш хезча «баба»,
Шозза хьоме хуьлу нана.
* * *
Йоьлху,
Кхойкхуш.
Стигланаш а сийна –
Лоьлху,
Къекъаш.
Кхин цхьа кхоллам сих д1а
Хеди,
беги х1инца…
Кхин цкъа мог1а сихха
Язло цуьнан сийнна.
Йо11ий, наний
1ожалла шел тола йоьлча,
Шеха хуьлург хьулди йо1а,
Амма нене безам тоьлча,
Доьхуш, Деле цо ди до1а.
Нана елла, ирча, къаьхьа
Де ма гайта, олуш, шена,
Ирсе яха цулла т1аьхьа,
Йо1 ца йина, бохуш, дена
Нанна хьийзаш, саб1арзделла,
Йо1 ю меттахь худаелла.
«Ма алалаш, нана елла», –
Олуш, йоь1ан нана -м елла.
Сино лоьхуш са кхоьллинарг,
Йоь1ан дог ду тийжа диснарг.
Сино кхойкхуш ша кхоьллинарг,
Ненан каш чу йо1 ю йижнарг.
Ненавашас йишин к1анте
Олу, шаьшшиъ лаьтташ каш т1ехь:
«Кху чохь 1уьллу йо1 а, нана,
Кху чохь 1уьллург ю ши нана»
28.03.2005
Хала хир ду…
Хала хир ду вешина а,
И д1а ойбуш, цуьнан барма
Хала хир ду дов а лан, и
Цхьалха висна –лерехь вешин
Аз ца хезча.
Хала хир ду, билггал вешин
Сица сийлахь болу ницкъ шен
Т1аьхьа хир ду, марзо яйна
Дохковийларх –ваша вацахь
Вехар-м ву и, бохуш шега,
Эхарт хир ду лехча-м шена,
Ткъа и дезар-ду къахьегар –
Дийна волуш ваша везар.
Къинхетам боцу т1ом ган.
Тешнабехк, ямартло лан.
Боьхкинчу мехкан юьхь ган.
Дерриге самаха ган.
Халкъаца хьо ц1ийлахь ган.
Хьан лазам сайн сица лан.
Ненан мотт белхабеш лан.
Син иэсе дош къелуш дан.
Хьан дуьхьа леш к1ентий ган.
Беллачу к1ентийн байш ган.
Харцонийн къизалла лан.
Хьо безаш ваьхнарг ву со,
Безаш ца валалург хьох.
Цхьа къонах…
Цхьа къонах вара и,
Цхьа къонах вара.
Х1инца а хьахаво
Дикачу наха.
Цхьа къонах вара и,
Цхьа къонах вара…
Хьакъ долуш къонаха –
Ц1е йиссал яха.
Дайх дисна г1иллакхаш
Цо леладора,
Хьаша-да не1арехь
Ца сецавора,
Пох1манан, лерам беш,
Сий-пусар дора,
Къонахчо-м къонахчун
Мах хадабора.
Цхьа къонах вара и,
Цхьа къонах вара…
Г1иллакхаш довзийта
Ваьхнарг ву ала,
Дикалла ца яйта
Кхоьллинарг Дала,
Цхьа къонах вара и,
Цхьа къонах вара…
12.03.2004
* * *
Мел йинчу чевнаша 1уьргаш а даьхна…
Делахь а дац соцур иза къарделла!
И лийр ду,
Ала, хьан баьхна?
* * *
Къизалла ю,
И карахь яьллехь –
Шозза къа ду!
Кара ца эца къизаллин топ,
Ле боккхуш бийца машаран мотт.
* * *
Хьаьрчина даьлла
Гергарло хьоьца,
Х1ай, оьрсийн аре!
Хууш я ца хууш
Мел хилла даьлларг
1аддитий соьца,
Декъахьа даре.
Вийнарг а, виснарг а
Хилла д1адаьлла,
Доттаг1 а, мостаг1 а
Машаре вала.
Г1иллакх а, г1уллакх а
Девзина даьлла,
Къаьмнаш а вовшашца
Барт хилий, даха.
* * *
Топ дашал язлахь –
Хьо герзах ларлуо,
Дош тоьпал дазлахь –
Вон стагах херлуо.
Г1иллакхе стаг гахь,
Девнах ма кхера.
Дикачу нахаца
Дахар д1акхехьа.
* * *
Аш соьме довлале кхехьнарг.
Г1иллакхийн кад хьенан 1ени
Я хьанна сом карий лехнарг?
Д1о цхьаммо вукхуьнга нохчо вац эли,
Нохчочо соьман да эла ву эли.
* *
Цкъацкъа долу самукъа,
Цхьацца дийно дуу са,
Кхечу денца хьаьрча къа,
Дебадеш шен къинойн кха.
Лерамаш баьгна,
Доттаг1ийн ховха
Тешамаш аьгна,
Къонахийн собар
Доьналлех хаьдда,
Моттарг1ийн новкъа
Гергарло даьлла.
Стигланех къовкъар
Синошкахь даьржаш,
Дуьненан шовкъах
Эхарт ду кхаьрдаш.
Дикаллех вонна
Ц1арматло хьаьрчаш,
Адамийн дола
Маьттазло яьлла.
1есаллин хесахь ду адамаш х1инца,
Ц1армата маьттазло ю сийлахь сица.
Цундела латта а, ц1индеш, вайн къих а,
Дуьнено ха хорцуш, го нацкъар висча.
Харцо т1е мел язло эт1ар ду латта,
Леш верг а кхуьур вац шех хуьлург хатта.
Воьж -воьжнарг къиношлахь вуьтуш барт хатта,
Дуьне ду ха хорцуш, вайн къинойх къаста.
Эхартан цу дийнах ца тешаш ваьхнарг,
Шайт1анан лаамна ирс хеташ ваьцнарг,
Мискачу адамийн къеллех ца ваьшнарг –
Дуьнено ха хорцуш, карор ду баьхнарг.
Башха ни1маташ
Са арадолуш…
Стигларчу седанна
Юххе и доьдуш,
Со лаьттах д1акъаьсташ,
Х1аваэ волуш,
Кхералой, вуьсу со
1амалш а йоьшуш.
Со юххе вигначу
Седано сирла
Гойту кху дуьненах
Къайленехь къайле.
Стиглано и марахь
Дегадо ирча,
Я шена лиъначохь
Хьоьсту цо, айбий.
Кхин башха ни1маташ
Дайча цу стиглахь,
Ца лаьа восса кху
Дуьнент1е шолг1а.
Ницкъ болу паччахьаш
Нийсоне кхийдахь,
Йиш ю -кха и лардан
Хуьлучу вонах.
Хьо ларво Дала,
Ткъа волла сов яьллехь -
Йохайо г1ала.
Дуьненахь къаставай
Диканиг цо,
Эхартахь хаставай
И декъал во.
Моттарг1ийн тептарш хьан
Цо гулдо т1е,
1ехийна мел долу
Са х1уьтту теш.
Ахь Делан ц1е йохуш
Мел дина вон,
Гул а дой, бузу цо,
Хьан къинойн до.
Дикалла сов ялахь -
Декъал во Дала,
Ткъа волла сов яьллехь -
Йохайо г1ала.
10.02.2005
Дуруев Ахьмадна, «Дарта» илли дезначунна
Хьан дас цкъа сийдина,
Лехамо дигна,
Ахьа а лийринарг
Кхетамах ийна…
Тезетах дуьзна,
Вастехь хьан лоьцуш сурт –
Къонахчун куьзга.
Хьан «Дарта» иллига
Хилла и безам –
Сан сине биллинарг
Къонахчун кхетам.
Пох1ма а къеделла,
Къолам а буйнахь,
Б1аьрхиш а иэделла,
Къурдашдеш туйнах,
Экаме кхиъна,
Ахь сица литтина
Гергарло дитна,
Сан пох1ма цхьалха ду
Терго ца йисна,
Бодане йоьлхуш ю
Вайн Теркайист а.
05.05.2005
* * *
Шайт1ано -м самукъа
Хьан дика доккху.
Сан вонехь хьан муха
Самукъа долу?
Дуьйр ду ас шайт1а…
Хьо–м доьлу, шайт1а,
Долий д1о байт1е
Жин баьрччехь гойтуш –
Со тойне кхойкхуш.
Хьан харцо тоьлла
Яц хьуна, шайт1а,
Хьо кийра-м доьлла
Къахка ца дайта.
Мостаг1 ву бохург –
Сийлалле воккхуш,
Дика стаг олург –
1азапе лоцуш,
Адамийн кийрахь
Хьо ца ло къар,
Дуьне а ц1ийца
Дина ахь къарз.
Ца 1ебаш сих хьан,
Дуьйр ду хьо, шайт1а,
Бисмиллин цинцах
Ницкъ болуш гайта.
1999
Ас ца боху илланчашна халкъ ца деза,
Аса боху халкъана илланчаш беза.
Б1арздина шолг1ачу т1амо.
Мохь тоьхна цхьа илли далхо
Илланча воцуш схьакаро.
Цу халкъан декъахь со вара,
Илланчаш мел оьшуш бара.
Махкана -м уьш генахь бара,
Хезаш дерг ши -къо аз дара.
Д1аэли Валидас илли,
Ма лолда, бохуш, вай к1ентий…
Г1ел ца луш, 1имранас илли
Мосазза «к1айн дуьне» эли.
Илланчийн аз оьшуш зама
Яра т1ех1оттинарг махкахь.
Ницкъ белларг дог лаза халкъах,
Йиш йоцург ву мукъам хала.
Б1арздина шолг1ачу т1амо.
Цу халкъан декъахь со вара,
Илланчаш мел оьшуш бара.
Илланчех
Безамна айкхваьлла цхьа илли аларх,
Я цунах ваьллачохь мохь -ц1ог1а даларх,
Илланча хуьлуш вац
Т1омаг1нах тера,
Цуьнгахь цхьа декхар ду
Халкъан хьостера.
Илланча хуьлуш вац дог карзахдаларх,
Ирсаца т1ома и стиглане валарх,
Шен къоман кхолламна
Мохь -орца дацахь,
Адамийн дог оьцуш,
Илланча ца хуьлу озан 1а г1иттаярх,
Тептарийн йозанаш т1е-к1ела дахкарх.
Со теша бакъ болчу
Илланчийн ницкъах,
Халкъана хьакъ волчун
Исбаьхьчу г1ирсах.
Эзарчийн кешнаш
Хьо хьаьнга дов хьедан веъна?
Со -м вац и цхьаьнцца а эшна!
Хьо хьенан мохк къовса веъна,
Ахь мичхьа хьайн валар лехна?
Сан махкахь мала хи эшна,
Т1ом бакххал маршо ца эшна.
Я велларг д1аволла латта,
Цхьаммо а шайнех ца эцна.
Ламанийн баххьашка вийла,
Алахьа, буржулш хьан тоьхна?
Аренаш толлуш верг сийна
Лаца гур цхьаммо ца боьг1на.
Т1ом боьрзуш халкъана кхаьчнарг,
Эзарчийн т1ехитта кешнаш.
Хеназа кхолламех хаьддарш,
Ямартчу матто д1акхехьнарш.
Хьо хьаьнга дов хьедан веъна?
Со -м вац и цхьаьнцца а эшна!
Хьо хьенан мохк къовса веъна,
Ахь мичхьа хьайн валар лехна?
К1ант воцчу ден илли
К1ентий а кхиийна,
Ирсуохьа хьийина,
Ницкъаш сайн кхачийна,
Ваьхнера, алийша.
Ваьцнера, алийша,
Вайн къоман балийца,
Ваьхнера, алийша,
Са парг1ат далийта.
К1ант воцчу дена цхьа
Ирс тоац, алийша,
Велча ц1е ца яйта
Ваьхнера, алийша.
Доттаг1ийн к1енташка
Дехар ду, алийша,
Дайн ц1ераш шаьш йохуш,
Виц ма ве, алийша.
Велча ц1е ца яйта
Ваьхнера, алийша.
К1ант воцчу дех дисна
Сан илли, алийша.
Дешнийн пхьар
Го–кха сетташ
Стела1ад.
Шена гуонах нур а доьлуш,
Стиглахь лиэпа
Беттан кад.
Шийла х1аваъ шеца кхоьхьуш,
Гуьйре яг1ахь -
Лур ву к1ад.
Хенан х1оттам шаро боькъуш,
1аламо а
Витац 1ад.
Теркан хичохь сурт а лоьцуш,
Латтарх со а
Ца ло т1ад.
Цхьаннан вастехь ирс а доьлхуш,
Дог сан делац,
Дуодий г1ад.
Зуламо, шен мохца лоькхуш,
Ойланех сан
Дуллу гар.
Собаро, сан синтем боькъуш,
Дарбанах ца
Хьаьрча хьар
Хийла бахам шена лоьхуш,
Стеган ойла–м
Лур ю къар.
Къилахь вахар сайна доьхкуш,
Со–м сайн дешнийн
Хир ву пхьар.
22.04.2005
* * *
«Вара веъна,
Вара веъна»,
Бохуш, уьдуш
К1ант го чохь.
Самаваьлла,
Д1а ла доьг1ча,
«Вара велла,
Вара велла»,
Бохуш, лулахь
Баьлла мохь.
Ваьхнарг ирсе,
Г1оза, маьрша,
Декъал винарг
Дахаро,
Хьегнарг дуьтуш,
Доза къаьсташ,
Т1аьхьар воккху
Замано.
Тахна–м цунна
Кошан коьртехь,
Ц1е а язъеш,
Доьг1на чурт.
Амма Варин
Забарш йисна,
Вастехь цуьнан
Лоьцуш сурт.
* * *
Лаьмнийн да хета,
Х1орд болчохь а суна-м
Суо тулг1е хета,
Суна-м суо аренгахь
Толлан дитт хета,
Мох баьлча, харцонан
Дарцах со лиэта.
Цундела цхьа седа
Д1о стиглахь лиэпа.
Суна –м д1о стигалца
Цхьа къайле хета,
Батта т1ехь суна-м сайн
Ц1а долуш хета.
Амма вайн лаьттарчу
Кешнех къа хета,
Къиношлахь латта вай
Хьоьшуш го дела,
Стиглане синош а
Д1аоьху дела.
12.03.2005
Цаьргахь ду хиламийн бакъдерг.
Уьш доьзна къайленийн з1енех,
Уьш денло цхьаццачу бахьнех.
Со кхоьру хиндолчух х1инца,
Валлал бен йиснарг яц хан.
Мехашца, ц1арца я хишца
Гинарг ду инзаре г1ан.
Со лоьху буьйсано шена,
Ткъа суна язло и дашал.
Хиламна теш лоьцуш г1енах,
Цхьа къиза яхло и шарал.
Со кхоьру гуш долчу г1енех…
Валлал бен йиснарг яц хан.
Лардойла вайн дуьне зенех,
Яхйойла адамийн хан.
Суртат1ехь: художник Мидиев А.М. Касумов С.Ш.
Цецваьлла со-м.
Т1еман бу к1ур,
К1урлахь бу х1ур.
Цкъа – цкъа го г1ашло –
Воссийна дошло.
Боккха бу б1о
Х1аллакдеш пхьа.
Момсаран бохь –
Айбикин мохь.
Маьхьарийн аз,
Т1ом белла баз.
Топ яьлла йоккха,
Ца хаззал ч1ог1а.
Ца деъна орца –
Де хилла-кх къора.
Тоьллачун сий –
Мел 1аьнна ц1ий.
Гурачохь гуш,
Хаза-м ду сурт,
Ткъа ягош гург
Ю Дадин-юрт.
Цкъа хилла дерг,
Схьа гойтуш верг…
Шен пох1ма дерг –
Сурт дуьллуш верг.
17.12.2004
Пхьа – шира къам
* * *
Нагахь харцо хьайна гинехь,
Я дош кхиънехь цунах ала,
Цунна ваца дуй ца биънехь,
Дика дарца бакъдерг кхала…
Хир ю т1аккха хьайниг –г1ала,
Шена чохь кхин боцуш бала.
* * *
Ненан мотт хьайн махкахь бийца…
Хьан аьлла, ма 1амабе?
Шен ц1ийрах боцучо сица.
Буьйцу и-м, хезаш цхьа къе.
* * *
Со д1авоьду, хуушшехь:
Сайн са хьийзар ду.
Махкахь ваха луушшехь -
…Даймохк хьоме бу.
Марша 1айла Теркан хи,
Ас сурт лецнарг чохь.
Гур дуй хаац вовшийн кхин,
Ирс ду боху лехначохь.
Йоьлхий -те суьйре…
Кхечу махкахь йоьлхий -те
Суьйре, б1аьргех доккхуш хи,
Даго синтем лоьхий –те,
Даймохк безарш, доттаг1ий?
Г1абали т1е юьхинчу,
К1ажарш к1ажжелц юьйцинчу,
Нохчийн йо1ах хьоьгий -те,
Ненан маттах кхетий -те?
Нагахь кхачахь цу тойне,
Мотт бостуьйтуш нускале,
Схьада олуш зока, хи,
Лерам бой -те г1иллакхийн?
Даймохк хьо беза
(Илли)
Геналлехь сайн цхьалло б1арзвина со висча,
Пох1манах къизалла а хьаьрчина лелаш…
Г1айг1анийн 1ийжамо дахчийна дог дисча,
Ойлано гел хьийзош, Даймохк, хьо беза.
Нью-Йоркехь бахаман
И лекха г1аланаш,
Кавказехь дахаран
Исбаьхьа ламанаш.
Хьесапдеш вахаран,
Дайн оьзда амалаш
Т1е язлуш 1азапехь,
Даймохк, хьо беза.
Бераллин урамаш, сахьийзо дисинарш,
Ирс лоьхуш, геналле идийна некъаш,
Ненан мотт, назманаш сан-сица тийжинарш,
Диссича иэсе, Даймохк, хьо беза.
Декаш хеза Теркан йистехь
Х1етахьлера ирсан аз.
Къона зама беркъа йиснехь,
Шолг1а х1унда ло -те яз?
Шираллера лерса ирдеш,
Цу мукъамо до са б1арз.
Жимчу хенан юха сийдеш,
Сан шерашна до цо арз.
Нускал кучах тарлой, стиглахь
Серла долу беттаса.
Цунна дуьхьал ийзош кирхьа,
Марха а етта ка.
Декаш хезча Теркан йистехь
Доттаг1чуьнан ирсе аз,
Дагайог1ий къона 1уьйре,
Къена суьйре ло сан яз.
* * *
Ас некъаш дусту,
Амма сан даланза
Цхьа салам дуьсу.
Хир ду и хьоьга, хьо
Къонаха кхиахь,
Сан салам д1аэца
Ненан мотт бисахь.
Нохчо вуй,
Я схьавалар
Нашхара дуй,
Ненан мотт
Хьо хууш вуй,
Варх1е ден ц1е
Евзаш вуй,
Хууш хилла,
Жоьпе вуй,
Къоьжа лаьмнаш –
Холхаз куй,
Г1ачалкъ дукъ сайн
Верта дуй,
Теркан аре -
Кевнан г1уй,
Иштта дедайн
Весет дуй.
28.12.2004
* * *
Лараме яздархой,
1илманан хьехархой,
Хьалхара некъахой,
Дахаран декъашхой!
Шу ду-кха къонахий
Сирлачу боламийн.
Аш хьегнарг - къа ду-кха,
Шух кхеттарг - бакъ ву-кха.
Шух хиэта къа ду сан,
Шу диэза са ду сан.
* * *
Пох1манца ирдеш
Ойланийн урс,
Говзаллин сийдеш,
Айдина турс,
Къоьжалло сирдеш
Сан байтийн куц,
Сох муха хилла,
Къайле, хьан нуц?
Сих ма ло, к1ант, говраш лахка,
Парг1ат яха йитахь пайтон.
Кху юьртахь цкъа мацах хьалха
Езна йо1 ю, хьоьху даго.
Гур ярий те и цкъа суна,
Вевзар варий те со цунна?
Юхаозае, к1ант, архаш,
Г1омат нисъеш, яйахьа хан,
Хаац х1унда дицлац б1аьргаш –
Къоначу шерийн ирсан г1ан.
Гур ярий те и цкъа суна,
Вевзар варий те со цунна?
Х1етахь эла со ма вара,
И сан деган эла яра,
Хено гена баккхарх безам,
Сих д1акъастац дагалецам.
Гур ярий те и цкъа суна,
Вевзар варий-те со цунна?
Кхузахь расха дин а сецош,
Батто бергийн ленаш лиэпош,
Суна езнарг йоьхуш ара,
Сан дин –накъост терсаш 1ара.
Гур ярий те и цкъа суна,
Вевзар варий-те со цунна?
Хир ю х1инца и къежелла,
Со а х1инца къан ма велла.
Ца гуш валахь рег1ал дехьа,
Сан са дуьсур ду кху сехьа.
Гур ярий те и цкъа суна,
Вевзар варий-те со цунна?
Сацаехьа, к1ант, ахь говраш,
Малделлий те аьрхийн къовларш?
Оьзда эла
Асталов Вахина
Не1алтана аьлла,
Эрна туй ца кхоссал,
Дош аьрта а даьлла,
Багахь мотт ца 1овшшал,
Къиношна б1аьрг хьаьжна,
Когах ког ца тассал,
Цхьа оьзда эла ву
Нохчийчохь вехаш.
Куц доцуш дег1 лело
Хьарам деш шена,
Нахана делча а,
Дог диссал шеца,
Г1иллакхца лам т1ера
Бохь баккхал ц1еста,
Цхьа оьзда эла ву
Нохчийчохь вехаш.
Стиглара буьззинчу
Баттана уллера,
Седа т1е боьжначух
Тера ву эла.
1аьржачу х1ордат1ехь
К1айн тулг1е санна,
Веха и, шен йоцуш
Куьцаллин къелла.
Ларамза багара
Дош ирча даьлча,
Юьхь1аржо ца лайна
Кийрахь пах эккхал,
Ойланна тилкхаза
Баьцначу хьена –
Мажаран лаг оьзна
Цкъа валлал эла.
Безаме со ваьлча,
Исмайлин Дудин ц1е тиллал
Г1иллакхе со ваьхча,
Къосуман Шихмирзин илли
Мохь тоьхна д1а аьлча,
Хьан боху, сан долахь
Хир яцара Маьлх –Аьзни?
Бойсг1аран и майралла
Сан дагца кхиъна хилча,
Ах аг1о боцуш а,
Хьо къовса доьналла хилча,
Харачойн Зеламхин топ санна,
Дош деза хилча,
Хьан боху, сан долахь
Хир яцара Маьлх –Аьзни?
Со волчохь сан доттаг1
Майра к1ант Сулима хилча,
Цуьнца шен яхь къовса
Эвтархойн Ахьмад а хилча,
Эла Закрин куц сибат
Сан дег1аца а хилча,
Хьан боху сан долахь
Хир яцараь Мялх –Аьзни?
Шемара Махьма а
Валийна еха ца оьшуш,
Г1ирг1азойн махкара
Элашка орца ца доьхуш,
Цкъа валлалц ваха со
Кхоьллина хилча,
Хьан боху, сан долахь
Хир яцара Маьлх –Аьзни?
* * *
Сан х1инца сагатло.
Сагатлуш, со б1арзло.
Со б1арзлуш, са къарло.
Са къарлуш, со сирло.
Со сир луш-со тишло.
Кишго хьан, х1ай зама –
Дино сан ядийнарг!
Дийно сан д1акхехьнарг –
1ийжош, дог витинарг.
Г1ойтарчу
Рамзане
(Илли)
Къайлехь ладег1на,
Мохь тоххий, алахьа,
Доттаг1а, илли.
К1адвелла буьйсанаш
Елхош къахьегна,
Дазделлехь, дайдехьа,
Аз йоле диллий…
Садаьржа 1уьйренаш
Къоналлин аьргехь,
Малхана дуьхьала
Идийра алий,
Малх бузу суьйренаш,
Къаналлин б1аьргех
Чекххьоьжуш,
1ийжамехь
Висира алий!
Елхаеш и стигла,
Са оьцуш санна,
Мохь тоххий, алахьа,
Доттаг1а, илли.
Биллинарг бехк хьайна
Сан дина биллий,
Дазделлехь, дайдехьа,
Аз йоле диллий.
Аьргехь* -кхиъна яланзачу къоналлехь.
* * *
Сайн юьрта вог1у,
Юьртахойх цавала
Пхьоьхане волу…
Тешамо, барт ларбеш,
Дог ирсе доху,
Т1аккха ас Даймахках
Сайн илли олу.
Сан догчохь д1алаьцна
Цо меттиг шуьйра.
Дуккха а цо шеха
Дийца а ма дитна,
Ма гена даьлла и –
Г1ан тайпа туьйра.
Нанна т1аьхьа хьоьжуш,
Соьца са гатдина,
Бераллин урамаш,
Лулахойн ков-керташ.
З1аран кертан т1ехьа
Леч1къаш йиснарг хьалха
Карлаюьйлуш, йоьлху
Жималла шен ханна.
Со шерашца
Воккха хилла, кегий дисна,
Нана-п1елгехь доьхна,
Гатан к1архаш гина…
Байт1ехь ловзуш, шершаш,
Голаш яьшнарш берахь
Безаме ду тахна
К1архаш хьалхалера.
Гена, гена яьлла
Сан жималлин хенаш,
Хьехамчийн хьекъалаш,
Юьртара баккхий нах.
Хиндерг хууш шеха
Деттало синпхенаш
1одика йойла хьан,
Со хьистина малх.
Шерийн ширалла
Генаяьлла бералла,
Хьалха санна, барзакъца,
Карахь гатан к1архашца,
Йог1ий, х1утту уьйт1а сан.
Ю и шерийн ширалла,
Къоьжачу-месийн сиралла,
Сан ойланийн къизалла.
Соьга хьажча, кхолалой,
Б1аьргийн нег1арш кхохкадой,
Соьха къа а хеталой,
Ойланаш сан къахкайой…
Вог1ий к1ант а х1утту д1а.
Ю и шерийн ширалла,
Къоьжачу-месийн сиралла,
Сан ойланийн къизалла.
Сан бералла шегахь гой,
Сан къаналла шен бехк бой,
Бехке хеташ, декхар г1ой,
И сан шерийн ширалла,
Къоьжачу-месийн сиралла,
Еца мехкан ирсана.
01.12.2004
(Илли)
Даймехкан лазамах ас байташ ешча,
Сан байтийн мохь-орца Мартант1ехь хезна…
Халкъана г1о эшча, юкъехка дезна,
Дош мехал даздина, нах цигахь беха.
Нагахь хьо, некъахо,
Мартант1е кхачахь,
Цигарчу нахе.
Д1о, Теркан аренгахь,
Со гира алий,
Йиш хилахь, къонахий
Гуллучохь къасттий*.
Суо, синна ницкъ хилла, ойланехь висча,
Лаьар-кха Мартант1ехь аз хаза нехан.
Цаьргахь ас диканаг адмалла зийна,
Беха уьш, дуй хууш кханенехь эхарт.
Мартант1е кхачахь,
Пхьохане валий,
Машаран лехамо
Биънарг синкхача,
Къоьжаллин садовнгахь
Гинера алий.
12.12.2004
Къаьсттина*
Х1ун ду лоьхург аса
Геннахь къайлайолу зама,
Церан оьзда г1иллакх дуьйцуш,
К1езга йог1у къоначарна.
Рег1а вахнарг реч1ах хьаьрчаш,
Вайча санна, йоьду зама.
Эс ца дуьтуш, отуш хьаьркаш,
Йог1у иза кхуьучарна.
Ломахь г1ерг1аш сай хазийнарг –
Къонахийн и хилла-кх зама.
Чаг1анкхаша мохк къарзбича,
Х1ун ду варшахь лоьхург аса?
Къоьжаллин сарахь,
Со хьанна оьшур -те
Къаналлин марахь?
Аланза диснарг
Сан иэсехь дагахь,
Зерхьама вог1ург а
Хир ву, со ца лахь.
«Шен онда дош эшна
Цу шерийн барзахь», –
Бохуш т1ех буьйлур -те,
Нах гуо а эцна.
Я боккъал дог лезна,
Ларвелла кхардарх,
Цхьа къонах вог1ур -те
Ган лиъна шена.
Ас цунна-м доьллур ду
Дог некхан уьнт1ехь,
Чевнаша деринарг,
Д1адалхо кхиахь.
Къонахчо-м х1оттор ю
Адмаллин уьйт1е…
Цо муха оьцур дац,
Дог, ца леш, дисахь!?
07.01.2005
* * *
Со хьан ву ала,
Нагахь со хьайна
Ямарт ца хиллехь.
Халкъан а ю бакъо,
Со шен ву ала,
Къомах со хераваьлла
Ца 1ийнехь.
Меттан а ю бакъо
Сох лаьцна дийца,
Машаре бекаш,
Бийцина хиллехь.
Т1аккха ю сан бакъо
Цкъа ваха курра,
Т1аккха ю сан бакъо
Вала а курра!
* * *
Со-м ца теша,
Хьалха санна,
Сайн дахарх,
Сайн вахарх.
Со-м ца кхоьру
Хьалха санна,
Сайн валарх,
Сайн вацарх.
Соьгахь сайн тешаман
Ца кхерар дисна,
Соьгахь сайн кхераман
Цатешам бисна.
Со-м ца теша,
Хьалха санна,
Со-м ца кхоьру,
Хьалха санна.
* * *
Нохчийн йо1! -
1аьржа месаш,
Еха к1ажарш,
Сийлахь, куьце
Хила хьо!
Нохчийн йо1!
1ожах беснеш,
1аьржа б1аьргаш,
Оьзда кхиий,
Яха хьо!
* * *
«Хьо оьшу», –цо олура соь,
«Хьо лоьху», –цо олура соь.
Соь теша дийхира цо,
Ца теша витира со.
Шеха кхета бохура цо,
Юха теша доьхура цо.
Кхета-м ма кхийтира со,
Теша-м ца тийшира со.
* * *
Дезаш санна дийцинарг –
Дезчух тера дацара.
Безам-ц1алга лилхинарг –
Доггах, ц1ена бацара.
Сан теш
Со везнарг хир ю сан теш,
И ца леш йисахь, со леш -
Г1айг1ано т1е1ат1къам беш,
Ойлано йийсаре еш.
Со эшнарг 1ийр ю, хадеш,
Д1о баттах масла1атдеш…
Цунах сан сибат тардеш,
Сатийсам синна базбеш.
Сох тешнарг 1ийр ю ларвеш,
Тийналло буьйса яхъеш.
Набаро шен г1овлаеш,
Г1енаша со ден а веш.
Хьегамо тийжамашбеш,
1ийжамо кийра ч1а1беш*
Синкхерчахь безаман ц1е
Д1айовр ю кхин йох ца еш.
1уйранна ша г1аттардеш,
Мархашлахь малх лар а беш
Шен месех ша к1ажарш еш
Къарлур ю со везнарг-теш.
Ч1а1беш* – чам талхош, биуст-беш, кхузахь – дог дохом
Г1енийн паччахь
Со цкъа г1енах паччахь вара,
Дерриг халкъ сан доьзал бара…
Дийнахь кхузза йог1у юург,
Цкъа бен царна–м ас ца лора.
Цхьана декъах кхо дакъадеш,
Кхузза юург йоькъуш яра,
Х1етте доьзал муьт1ахь бара,
Цара–м суна хастам бора.
Иштта хуьлу–кх адмаш реза,
Писчу стагах веш шайн эла.
Доьзална–м шайн да оьшура,
Соьх–ма х1унда халкъ тешара?
1993
* * *
Со ву лоьцуш шеконо.
Бакъ дуй-те-уьш моттарг1ийн
Новкъа баьхна лехамо?
* * *
Сан дешнийн маь1ннех хьо тилла,
Хьесепан эс даьлча лилха.
Хьуна ца моьттург со хилла,
Я хьуна моьттург ца хилла.
* * *
Да виса, ца везачарна суо везийта,
Цхьа г1ийла,
Саг1ийна кад баллал,
пекъар суо хетийта.
Ма везар вара со,
цхьа пекъар санна,
Ма оьшур вара со
лай безначарна.
1997
* * *
Буьйсано, бодашкахь озийна пха
Д1ахецча санна, даьржийра са.
Ойлано коьртехь х1оттийнарг ха
Сийсара эрна ца дайра сан.
* * *
Со дуьне ца къуьйсучех хир ву,
Къуьйсучо –и стенга хьора?
Со –м эхартах тешначех хир ву –
Дуьне, хьох аса х1ун дора?
Цуьнан ду ха.
Миска ву пекъар, -
Цуьнан ду къа.
Тахана - соьхь,
Иштта ду 1едал,
1едалан сий.
Иштта бу кхетам
И къуьйсучийн.
1997
Дайна хьан дош
Хьо паччахь велахь а,
Дайна хьан дош,
Ахь къоман сийлахь некъ
Бацахь д1ахьош.
Дов г1иттош,
Б1о хьийзар
Ца дезаш, къехка…
Дуьненан доккхаллехь
Мохк къийсар
Цхьа к1езга хета.
Адамийн лаамаш,
Дикане сатийсар
Машаре хьойша.
Дуьненан бахамаш
Т1емашца шаьш къийсар
Хьараме гойша!
* * *
Вайшинна юккъехь –
Пит1ане мотт,
Маьршачу когех
И хьерчало.
Вай х1инца вовшийн
Цхьа генахь го…
Лиъча а, т1етт1а
Ца кхачало.
* * *
«Хьо стаг вац», - ала со-м
Ца ваьхьна дацарий,
Къонаха аллал хьо-м
Къонаха вацарий.
* * *
Гуллуш ду сан шераш, сох къа ца хеташ,
Лийр вуй а хуушшехь –и бакъ ца хета.
Воккхалле мел вуьйлу –ас лоьцу бехкаш,
Къоьжаллин уьйт1ахь го жималла къехкаш.
* * *
Хьоьгахь хьаг1 алсамйолу,
Ткъа, де доьхча, –
Хьо къинхетаме волу.
Да виса,
де эшна ваха,
Ийг1ина вайша
ийг1ина ца баха.
* * *
Лома т1е баккха,
Д1агойтуш хьал-бахам,
Сий лакха даккха.
Нагахь цкъа, лам бет1аш,
Йохахь хьан г1ала,
Йиш елар, хьох тешна,
Хьох къонах ала.
* * *
Лулахойн дайна ирс
сан х1усме даг1ац,
Юьртахь а доцу ирс
сан уьйт1а хьовзац.
Халкъанна оьшу ирс,
сан махках тилларг,
Адмашна лойша и, со ирсе хиллалц.
* * *
Нагахь, к1ант,
хьо паччахь хилахь,
Паччахьан барамехь
хьан бахам кхиахь,
Бакъ волчу поэтах
лаззал дог дисахь,
Хелхарчийн хелхарех 1еха ма лолахь.
Дуьхьала г1олахь,
Нохчаллех ца вухуш, синан да хилий.
Харцо а, бакъо а ма-ярра голахь,
Нацкъара ца вуьсуш, адмаллех тилий.
Хьо майрра дахарна
Дуьхьала г1олахь,
Хьекъалца собарехь доьналла дустий.
Доттаг1ий ма леца ца 1ебарш хьолах,
Къонахчун -м ц1е еха, заманах юлий.
Хьо майрра дахарна
Дуьхьала г1олахь,
Маьршачу кхолламан новкъа а валий.
Ахь хьайца цу новкъа цхьа кхетам хьолахь,
Диканна нахана са лур ду, алий.
Хьо майрра дахарна
Дуьхьала г1олахь,
Хаалахь, тешамаш хьайн дуьхьа боций.
Нагахь синкхетаман иэсе ладог1ахь,
Гур хьуна, хьайн вахар
Валлалц бен доций.
* * *
Дикане дика доьду вай,
Воне вон а доьду вай.
* * *
Со ала г1ертарг –
Ас аьлла мел дерг.
Алаза диснарг –
Ала ца кхиънарг.
Эзар адамийн кхетаман кхиам бу.
Адмаллин хазна –
Адамийн дикалла.
* * *
Хьо къонах ву
я вац -
Мах хадо
къонах бен вац.
Суо ца эшна стаг
Дагавоьг1на ца хуьлу со.
Со дикачу адамийн
Дикалина декхар ву.
Шен волла цхьана диканаца
Хьулъян г1ертачух ма 1ехало.
Айхьа дика дийр долчу стаге
Хьайна бийр болу вон болх хатта.
Поэзин мог1а –сан дахар,
Ткъа мог1анийн хьаьркаш - сан вахар.
Сийлахь волу яздархо
Хьалххе бакъдерг яздинарг ву.
Со цец ца волу шена бен сту беллачо
Батта пах ца белла аьлча.
Со цец волург ду
Батта пах ца беллачо
Бен сту боьху аьлча.
Дарж дезачу лаамо
Х1уъа а дуьйцуьйту
Къонахий боцучаьрга.
Къонахалла –сийлахь дарж дуй хуучо кхин дарж ца лоьху.
Цинцал а ца оьшуш стим,
Муьсталла ю адамехь кхин.
Къина ца вилхинарг -
Къинхетамах къихкинарг.
1есалле тевжинчо а
Товжайо 1аса.
Со айпе вайттал…
Сайгарчу къайленех хьан тешам бузуш,
Ваьхнарг вац бохуш шен 1ожаллех
ваьлла, -
Геннара хьовсур вай дуьнене, аьлла,
Къинхетаме хилар парз дина сайна,
Хьох волла д1акъасто, ц1е туьллуш
«Жайна»,
Тоьллачех тиллинчу сийлахьчу ц1арца,
Батта т1е хьо–м аса йигнера сайца.
Со дохковаллал и эрна–м ца хилла,
Со айпе вайттал,
хьан къинхетам –х1илла.
К1айн кармисал
Йовзий, йог1уш геннахь хьо,
Тохалуш дог безамехь,
Хьан куц лоьцуш, 1ара со.
Наггахь кхаьчча улле т1е,
Ала лиънерг хьул а лой,
Яккха ца луш хьайниг ц1е,
1ара, ойла ирсо хьой.
Ахь белларг бу ницкъаш сан:
Стигал, малх а, беттаса.
Йиш яц лар а йоцуш ян,
Оьзда хилла амал хьан.
Юха кхин цкъа денвеш со,
Б1аьрг тохахьа батте д1о.
Со-г1айг1ан оьмарехь,
Оьшуш ву хьан доьналла.
* * *
Вай марзо эццал бен зама ма яцара,
Вайх делча диссал бен дуьне а дацара.
Вай х1унда бартана куьйгаш ца лоцура?
Хьовсийша, х1олламаш вайн кешнийн керташкахь,
Дай боцуш,
ирс доьлхуш бисначу кхерчашка.
* * *
Маржа –я1
Кхоам йо1!
Ши къонах, ши довхо
Яхь йохье яьллачохь,
Валаре ваьллачохь,
Йиш йоцуш дов дохо,
Хьохь доцчу йовлакхан,
Хьан йоцчу йоланан.
Хьенан къа ду ирсе хилларг?
(эшар)
Вог1уш, воьдуш ирс а дохьуш,
Шун ков –керта со хьийзира.
Ирсах кхаьхкаш, бала лохуш,
Хьенан къинош вайх хьирчира.
Даьхнарг суна безам хеташ,
Шун кертара цхьа ирс дедда.
Хьо сох йоккхуш, бале елла,
Хьан нехан а х1ун нис делла?
Хьалха суна дашо хетта,
Хьан месаш ма баса евлла.
Со везарна ткъесах леппа
Б1аьргийн нур хьан г1ел ма делла.
Хьо ца йовззал б1арзе вина,
Дерриг дуьне къахь а дина,
Вайша вовшех къастадина,
Хьенан къа ду ирсе хилларг?
* * *
Ахчанах безамаш
Бухкуш а хуьлуш,
1есаллин хесахь а
Адамаш хир ду.
Хьекъалчийн хьехамаш
Нацкъара буьсуш,
Т1аьхь- т1аьхьа гуш дерг и
Инзаре хир ду.
Къут1алг1а виначо
Динан ял юьйцуш,
Цатамехь ас лайнарг
Йоланна хир ду.
Ас бакъо толаран
Ницкъе сатуьйсуш,
Елхийна ойланаш
Хьенан ирс хир ду?
* * *
Хьал тоделча Тапа Чермоев вуьйцуш,
Хьал къеделча обарг Зеламха вуьйцуш
Нохчийн даима а хилла турпалхой буьйцуш.
Ма мотталахь
Ма мотталахь, да лаьттар ву,
Хьан дош толош, пхьоьха яккха.
Дерриг диснарг хьох тешна ду,
Эшахь Х1айбар г1ала яккхар.
Ма мотталахь, нана хир ю,
Валлалц цуьнан ирс хьан хир ду.
Ненан оьмар-къайле ю и,
Иза хийца нана яц кхин.
Амма эшац хьуна мотта,
Уьш ца хилча, хьуо эшна ву.
Шаьш д1акхелхаш цара шортта,
Хьоьгахь юьтург адмалла ю.
* * *
Г1иллакх хилар-и ду сийлахь,
И ду хила дезарг кийрахь.
И бу хьан ницкъ дуьне даккхал,
Даржехь кхана лакхе яккхал.
* * *
Юьйг1и г1ала,
Х1оттий шун.
Хевши шуьне,
Даьржи ун.
Юьйхи г1ала,
1еттий ц1ун…
Къуьйсуш дуьне,
Кхаьчнарг х1ун?
* * *
Эхартан кханенах тешахь,
1есалла д1аер ю сих.
Харцонал ахь бакъо лехахь,
Са делха дуьсур дац къих*.
Къих* - къинах
Ирсе даха дита ирс
Кхоссалуш шен динна
Т1е хууш, аьлча беречо:
«Д1о варх1 ломал дехьара
Йо1 ялор ма яра схьа»
Маьлхан ирсе дог1у де,
Дохор дацар хьеречо.
Къонах хилла велхьара,
Дешан да ца хилларг ша.
Аре мел ю бецан тхих
1енаш дийларх б1аьргех хиш.
Къонах воцчун безаме,
Сатедьйсург яц сийлахь и.
Мехал деза дош долуш,
Сирчу динан да волуш,
Къонах волчун тешаме
Йоьссинехь, ма леха кхин.
Малхал шорта безам гуш,
Цочул вовшийн йовхо луш…
Доккхадедеш делахь шиъ,
Ирсе даха дита ирс.
Ирсе даха дита ирс,
Ц1е ца туьллуш цунна ис...
Шинна юккъе вас ца хьуш,
Диканна дог царна луш.
* * *
Къонахчун б1аьргех а хи докххург
Адмалла бен яц.
Бабичохь яц баба
«Бабина т1е к1айн коч юхуш,
Месаш тхо шарйина девлча,
Хьо шена цо маравуллуш,
Хьостур ву, ша хьуна езча…
Х1инца –м и лийчош ю» -аьлла,
Беана цхьа аннийн маьнга,
Со 1еха винарг и хьаьнга,
Яхна-те лечкъина яьлла?
Бабичохь–м ю х1инца шийла,
Бабийчоь–м ю х1инца тийна.
Б1аьргаш шен т1унделла хишца,
Бабичохь сан да ву х1инца.
Сан баба гинарг вац цхьа а,
Бакъдерг а ца дуьйцу наха.
Вашига эр ду ас кхана
Бабичохь яц хьуна баба.
* * *
Кхоьхьур ю,
Оьхьур ю
Замано хенаш.
Г1уьттур бу,
Х1уьттур бу
Къонахий б1енаш,
Лоьхур ду,
Оьшур ду
Хьекъалчийн дешнаш.
Дустур ду,
Луьттур ду
Мел хилла зенаш.
Бехар бу,
Цкъа лийр бу,
Юха а ден лур бу
Бакъ дешнийн пхьераш.
* * *
Овкъаршлахь,
Бодашкахь
Я делкъехь -
Эс лаца ца туьгуш хьеца.
Гур болчу хиламийн б1енех
Когашкахь,
Голашкахь,
Я некхехь,
Ткъес санна, са уьдуш дег1ехь,
Цец валар сан дуьсу г1енех.
Ненан эмгар
Ненан эмгар,
Сан ден безам,
Синтемна ас
Лоьху лехам.
Ненан эмгар,
Сан ден безам,
Ненах хьегар,
Нана эшар.
К1антана да,
Оьшуш хилча.
Хьо тхан дена
Езнарг хилча,
Нана санна,
Хаахь шуьне.
Нанас санна,
Хазъеш уьйт1е.
1арлойн рег1ан дукът1е вуьйлуш,
Уллохь лаьмнаш ган са туьйсуш.
Кхиънарг вай со–м, Даймохк болуш,
Цунах ала илли долуш.
Хоси –юьртахь белхех соьцуш,
Беттасинан серло лоьцуш,
Ойланаш сан ирсах тоьгуш,
Кхиънарг вай со–м, Даймохк болуш,
Цунах ала илли долуш.
Шелахь, Шуьйтахь, Атаг1ахь а,
Хьалха, Т1ехьа Мартант1ехь а,
Толлуш нохчийн г1иллакх зийна,
Цуьнан хазна ялхо лиъна,
Кхиънарг вай со–м, Даймохк болуш,
Цунах ала илли долуш.
Кавказ мел ю лаьмнаш толлуш,
Х1ора ломан къайле охкуш,
Дуьне даккхал г1иллакх долуш,
Къиънарг вай со–м, Даймохк болуш,
Цунах ала илли долуш.
Рег1ан дукъал сехьа волуш,
Цигахь виссал ойла йолуш.
Теркан аре ган ц1а вог1уш,
Махках ала илли дохьуш…
Къиънарг вай со–м, Даймохк болуш.
Цунах ала илли долуш.
Шен синна т1ера цхьа саг1а.
И доьшуш, цхьаъ кхиахь ваха…
Йиш ю кхин цхьа къонах вала.
Дена улле.
Дена улле,
Велча, кашчу
Вилла со.
Дечух терра,
Цуьнчух кхеттий,
Дуог1а суна
Чурт а хьуо.
Хьанна хаьа
К1ентий кхиъча
Да я ден да
Лоьхур вуй?
Амма хаьа,
Къонах кхиахь,
Варх1е ден ц1е
Оьшур юй.
Диц ца ло дас,
Та11ош, хьаькхнарг
Коьртах шога,
Довха куьг;
Т1аьххьар уьйт1ахь
Цо б1арг тоьхнарг
Яра нанас
Йина куьрк.
Цхьайтта шарчохь
Эс ца хилларг,
Х1инца кхетам
Кхиъна сохь.
Нанна юххехь,
Дена улле
Велча кашчу
Вилла со.
Юьртана да а хир вац.
Лерамаш баьгна,
Доттаг1ийн ховха
Тешамаш аьгна,
Къонахийн собар
Доьналлех хаьдда,
Моттарг1ийн новкъа
Гергарло даьлла.
Стигланех къовкъар
Синошкахь даьржаш,
Дуьненан шовкъах
Эхарт ду кхаьрдаш.
Дикаллех вонна
Ц1арматло хьаьрчаш,
Адамийн дола
Маьттазло яьлла.
* * *
Бакъ волчу поэтан хьежам
Хуьлийла дац къоман эшам.
Гуш йоцчу къайленийн кхане –
Ю цуьнан пох1манан ане.
Къинойн кор.
Деза ца ло къинойн кор
Малхбалера лулахойн.
Уьйт1ахь, бешахь, х1усам чохь
Хуьлу цунна со гучохь.
Хьоьжу, ков-керт лоцуш чу,
Къинойн кор сан корах чу.
Ойланашна вецачу
Суна–м цо са диллац чу.
Ваьл-ваьллачохь суо а гуш,
Сан уьйт1ара маршо хьуш.
Долчу дена ял ца луш,
Кор ду къинош дебалуш.
* * *
Хьо-м х1унда яхара,
Хьомениг, д1а?
Ца туьгуш юха а
Шолг1а со ган.
Наб йоцуш, меттахь сайн
Хоьрцуьйтуш ха,
Буьйсанан тийналле
Доьг1уьйтуш ла.
Хьо-м х1унда яхара,
Хьомениг, д1а,
Доьжна ма дацара
Гуьйренан г1а.
Чиллано шел ца деш,
Лаьттира 1а,
Ирс дайна сан кхоллам
Бисале 1а.
Хьо-м х1унда яхара,
Хьомениг, д1а,
Малх хьул ца бинера
Дохк – мархаша?
Ломахь бух дуьйлучу
Шовданашна,
Биллина бацара
Х1инца а ша.
Хьо-м х1унда яхара,
Хьомениг, д1а,
Хьуш хьайца байт1ера
Зезагийн къа?
Теш хилла лаьттинчу
Вайн безамна
Уьш делха дисира,
Вайн хьегамна.
* * *
Къинхетам собарх вуьзначуьнгахь
хуьлу дукха хьолахь, и токхе хиларна.
Собар кхачориг мецаниг ву.
* * *
Цхьацца волу стаг ша къонах
ца хиларна хуьлу собаре.
* * *
Харцо ца лайча а кхачадо собар.
* * *
Къонахчо халахетарца лов
кхечу къонахчун дош шалхадолуш.
Атта-м дац
Сагатлой беллачу баккхийчу нахана,
Г1ой церан кешнашна со х1уьтту т1е.
Б1аьрг тухий арене, йисинчу ахаза,
Цу нехан х1ораннан ас йоху ц1е.
Атта -м дац беллачийн
Васт х1иттош латта,
Гуш деза цу наха
Хирцина латта.
Мангал а ластоза
Ирс дайна гург...
Хьан лур ю и зама
Цкъа юха лург?
* * *
Со везначо,
Сох тешначо,
Цкъа билгал сан дешнийн
Ша тидам биначо,
Шозлаг1а ешалаш,
Сан байтех тешалаш.
Ма барра лехалаш
Бакъ болу хьежамаш.
Москвахь вевзинчу Майртуьпарчу Сайдмохьмадан къамеле ладоьг1ча кхолладелла мог1анаш.
Ц1а вола
Шовзткъа шо хьалха
сан хилла кхо шо
Ду суна эсанна, дижина улло.
«Сийлахь ю ц1е хьайниг
кхиалахь нохчо», -
Бохуш дас дийцинчо
б1аьргаш а т1ундо.
Тахана со кхузахь
цу Кремлан залчохь
Москвано 1ехавац,
Да, нана диц деш.
Сан безам, сан Даймохк -
Дайн кешнаш долчохь,
Х1олламна доьг1уначу чартийн а сийдеш.
Шовзткъа шо хьалха
сан хилла кхо шо
Ду соьга ц1а кхойкхуш,
«Ц1а вола нохчо».
Дуьне, хьо-м дуьсур ду
Йилбазан мохо со
Хьур-ву те ойуш,
Хиэ дакъа такхор-те,
Чархах чалх тосуш.
Тешна бехк тоьлур-те
1ожалло войуш,
Я ц1ергахь вовр ву-те
Чим хилла вогуш?
Чурт суна дуг1ур-те
Кошан барз боцуш,
Каш хила йиш юй-те
Чурт дог1ар доцуш?
Сан зерат хир ду-те
Наха гуо бохуш,
Я валар хир ду-те
Цхьа теш а воцуш?
Стела1д х1уттур ду,
Стигал а йоькъуш
Я иза а оьт1ур ю
Цкъа къойкъуш,
Я лоьлхуш.
Дуьне хьо-м дуьсур ду
Тхан лараш йойуш,
Беллачийн синошна
Кхин синош доьлхуш.
Касумов Саидмагомед
Стихи
Турпала са
(Героическая душа)
На чеченском языке
Редактор –Джамбеков Ш.
Корректор –Ибрагимов Р.
Набор –Шахтиева З.Р.
Верстка –Шахтиева З.Р.
Художники –Мидиев А.,Седиев М.
Технический редактор –Цуруев Ш.